ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицино маьршаваьккхинчул тIаьхьа Оренбурге веана Навальный


Шоьтан Iуьйранна Оренбурге шен агIончашца леринчу цхьанакхетаре веана оппозиционер Навальный Алексей. Де хьалха Лахарчу Новгородерчу бахархошца а цхьанакхета везаш вара иза. ПIераскан Iуьйранна цига воьдучу хенахь уьйтIа еанчу полицино лаьцна, дIавигина иза, суьйранна бен маьрша ца ваьккхира.

Оршотдийнахь Москохарчу Симоновн кхелехь хила везаш ву Навальный, цигахь дIахьош ю, шолгIа а цо къепе йохорах барт хотту цуьнан кхелан кхеташо.

Оппозиционер Навальный Алексей 2018-чу шарахь Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалаца лерина ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG