Каталонин Iедалша дIахьедарца, Испанин полицица кIирандийнахь хиллачу вовшахтасадаларшкахь 4 бIе сов стаг лазийна. Испанех дIакъаста луучу Каталонин Iедалша йолийначу референдумна пачхьалкх дуьхьал хиларца иккхина и инцидент. Мадридна референдум низамашца дIахьош ца хета.
Испанин вице-премьера Де Сантамария Сорайя Саэнса Каталонин Iедалан гIулчаш «жоьпазаллин» лерина, ткъа полицино дуьхьалонаш яр адеквате ду аьлла.
Каталонинс Мадрид бехкейо цо лелочу къизаллашна. Шаьш Евроберте гIо доьхур ду аьлла дIахьедина цара. Барселонан мэра дарж дитаре кхайкхина Испанин премьер-министр Рахоя Мариано.
Дукхачу тоьшаллаша гайтарца, шина а агIоно гайтина ницкъ. Полисхоша чхьонкарш а, резинан хIоьънаш а детташ, лоьхкуш хилла кхаж таса гулбелла нах. Цхьаболчу демонстранташа полисхошна дуьхьал тIулгаш диттина.
Каталонин Iедалша бахарехь, дуьхьало латтошшехь, дукхахйолу харжамийн каппаш хIинца а йиллина ю кхаж таса луучарна.