ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ледара хIоттийна сценарий ю и"


Бакаев Зеламха
Бакаев Зеламха

Вайначу Бакаев Зеламхех "Германера" схьа видео яийтинчул тIаьхьа, кхи деана кост дац.

Соьлжа-ГIалахь вайначу къоначу иллиалархочун Бакаев Зеламхан «Германехь» яьккхина, Интернетехь яржийна видео гинчул тIаьхьа, кIентан гергарчийн а, бевза-безачийн а шеконаш алсам а евлла, совнах хеттарш хIуьтту царна хьалха. Церан дегабаамш бу, шайн кIант шен лаамехь дIавайна вац аьлла.

Карладоккху, байначу беттан 24-чу дийнахь, махкарчу «Грозный» телеканало шен эфирехь гайтира Бакаев Зеламхас шен доттагIчуьнга Исламе, ша Германехь ву а боъхуш, яьккхина клип.

Амма журналисташа оцу сохьта теллича билгалделира, гойтучу хIусамчуьра софа, техка гIант а, энергетикан маларш а Оьрсийчохь арахоьцуш доцийла.

YouTube-хь оцу ролике цхьана кIирнах хьаьжна 50 эзарза.

Европерчу маьршачу дахарх Iехавелла, воккхавеш веха Бакаев хIетахь дуьйна кхи зIене ваьлла вац я шен деца-ненаца а, я доттагIашца а.

Таханналц шен воIца цхьана а кепара зIе хилла яц шен аьлла Зеламхан нанас Бакаева Маликас «Кавказ.Реалии» портале.

"Тхоьга телефон тоьхна яц цо. Я шен доттагIашка а, я бевза-безачаьрга а кхаьчна кост а дац. Массара а тхоьга хоьтту цунах лаьцна", - аьлла Маликас.

"Тамашийна хIума ду, мичахь ву а цахууш, оццул хан-зама дIаяьллачул тIаьхьа, гонах дуьйцург бакъ ца деш санна, и видео а яржайой, юха а тIепаза дIавов Зелим. Ледара хIоттийна сценарий ю и", - бохуш, дуьйцу Зеламхан доттагIчо ИбрахIима.

"Кавказ.Реалиин" корреспондент масийттазза гIоьртира Бакаев Зеламхе телефон тоха. Амма хIоразза дуьхьал хезарг цхьа автожоп ду «цхьана ханна сацийна абонентца зIе латтор».

WhatsApp, "Вконтакте", Telegram олучу социалан машанашкахь а, мессенджерашкахь а вац иза хаалуш. ТIаьххьара онлайнехь хилла Марсхьокху-беттан 7-чу дийнахь, ткъа шолгIачу дийнахь дуьйна лоруш ву иза вайна.

Хьалхо Еврокоммисера жоп кхаьчна Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхошка, цара а тIечIагIдина, Бакаев Евробертан цхьана а пачхьалкхе кхаьчна цахилар. Нохчийчуьрчу цхьана къайлахчу набахтехь Зелим латтош хиларх тешна бу уьш а.

Нохчийчоьнан къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан а, информацин а министро Умаров Джамбулата иллиалархо варах хаамашкахь дестийна дийцар «сонта хIума» ду элира.

Цхьа хан яьлча, ша гучувер ву шуна, элира министро. ХIинца кху деношкахь «Настоящее время» телеканална интервью луш, Бакаев хьахавелча, ша тIехьерчийначу декхарех лечIкъина ву иза аьллера Умаров Джамбулата.

Полисхойн хаамашца, Марсхьокху-беттан 18-чохь Зеламхан нанас Бакаева Маликас хаамбина Iедале, шен кIант варах.

Оцу беттан 22-чу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIарх махкахь адамийн бакъонийн тергоечу Кхеташоне орца дехна нанас.

ТIаьххьара а, сабIарзделлачу кIенатн нанас дехар дира Кадыров Рамзане, шен кIант схьалохуш гIо доьхуш.

Автор Туаев Мохьмад.

Гочйианрг Димаева Лиза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG