Байначу баттахь ши де даьккхира Нохчийчу еана Оьрсийчоьнан президентан цIарх адамийн бакъонаш ларъен векал йинчу Москалькова Татьянас.
Нохчийчоьнан Iедалша стохка Iай кхел йоцуш байинчу нехан тептар «Новая газетан» журналисташа Iорадаьккхинчул тIаьхьа, тIепаза шайн доьзалш байначу дайша-наноша аьрзнаш динера бакъонашларъярхочуьнга. Оцу дехаршна жоьпаш лоьхуш, араяьлла ша элира Москальковас.
Ша Соьлжа-ГIалахь яьккхинчу хенахь мIара тассал а харцо ца карийна бакъонашларъярхочунна.
Иштта и гIуллакх дирзина воккхаве мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан а.
"Омбудсмен Нохчийчу а еана, цхьаболчу гIирсаша нахаладаьккхинчу тептарх дерг бакъдоцийла дIахаийтар, коьрта жамI ду цо бинчу белхан", - элира Кадыровс.
«Новая газетан» юкъарло а хилла, «Мемориал» Центро а дакъалецира тоьпаш тоьхна байинчу нахах кхи а сов хаамаш гулбеш, баржош, талламаш дIахьош.
Цара тIечIагIдира, вуьйцучу 27 стагах, мел лаххара а 25 стаг полисхоша стохка ГIуран-баттахь дIалаьцна хилар а, цул тIаьхьа церан гергарчарна, мел ладегIарх, церан кхолламах дерг хууш цахиллийла а.
«Мемориало» талламаш бинчул тIаьхьа, шайгара а доллу кехаташ дIакхачийра Оьрсийчохь адамийн бакъонийн тергоечу урхалле.
Эххар а, ворхI бутт зама яьллачул тIаьхьа Москалькова Татьянас ша толлур ду «Новая газетан» журналисташа Нохчийчохь кхел ца еш хIаллакбина бохучу нахах дерг аьлла, дIахьедира.
ГIуран-баттахь полисхошна тIелатар дина аьлла, лецна, къайлабаьхначу кегийрхойх хилларг хаийта шайна бохуш, Нохчийчоьнан Iедалша жоп ца луш, кIелбисинчу «Мемориалан» бакъонашларъярхошка а жоп кхечира, стохка Iай тIематасадаларшкахь чевнашца каравеана Бергаев Исмаил, хIеттахь, дарбан цIийне валийначу кхоалгIачу дийннехь кхелхина аьлла.
«Новая газетан» тептарера вийна бохучу шинца шен цхьанакхетар хилира, уьш паспорташца тIебаьхкинера шена. Ша церан кехаташ теллира, вина шо а, де а дерриг а цхьанадогIуш дара аьлла Москальковас.
Ткъа бакъонашларъяран «Мемориал» Центр тIаьхьакхина, нохчийн полисхоша Оьрсийчоьнан омбудсменна гайта валийна ши кIант стохка Iай тIепаза вайначу шина вахархочун бухабисина вежарий хилар.
Цхьаъ 24 шаре ваьлла Юсупов Мансур ву, шолгIаниг Мускиев Махьмин цхьахволу ваша ву, я Iумар я Абубакар, дIакхайкхийра бакъонашларъярхоша.
"И ши жимстаг баккъал а маьрша ву, ткъа цаьршиннан вежарех хилларг церан гаргарчарна тахана а хууш дац", - яздо бакъонашаларъяран Центро шайн материалехь.
Москалькова Татьяна Нохчийчохь Кадыров Рамзанца а, Талламан комитетан векалшца а, полисхошца а цхьана а кхетта, юхайирзинчул тIаьхьа цакхетамаш кхи а совбуьйлу журналистийн а, бакъонашларъярхойн а.
Цундела дара Маршо Радионо Оьрсийчуьрчу бакъонашларъяран «Мемориалца» зIе тасар, Москалькова Татьянас Нохчийчохь бинчу талламах цаьрга мах хадабайтархьама.
ХIахI, Нохчийчу яхана, юхайирзи Оьрсийчоьнан коьрта бакъонашларъярхо. Гарехь, ший а агIо реза а хили цо бинчу талламна: Кремль а, Кадыров а. Ткъа шуна хIун хета, дара Маршо Радионо «Мемориал» Центран Кхеташонан куьйгалхочуьнга Орлов Олеге делла хаттар, Бакаев Зеламхаца хIоттийнарг санна спектакль яра-те и, велларг денвеш, махках баьхнарш юха а балош...
Дехха дийцира бакъонашларъярхочо.
"Хаттар кхоллало, ткъа хIунда лачкъийна и нах баларх церан гергарчу нахах?"
"Бинчу балхана резаболчийн цIераш йохуш, хьо йицъелла кхи цхьаннан а, оцу процессехь хиллачун цIе яккха. Ахь бехк ма билла, оцу талламан инициатор, ма-дарра аьлча, "Новая газетан" журналисташ бара, уьш а ма бу реза. Ахь юьйцург Москалькова ю, хIаъ, иза а резахилла, Кадыров а воккхавоь.
Нагахь и спектакль ярий-те бохуш, ахь хеттахь, хIета "Новая газетана" а тайна и спектакль. Суна сайна хетарг хаа луш шу делахь, ас эр ду, тхуна ца хаьа, тхо хIинца а кийча дац тIаьххьара дош ала Москалькова Нохчийчу яхарх.
Тхуна хаьа, цуьнан кара хIун информаци кхаьчна а, аьлча а, информацин фальсификаци. Делахь а, жим-тIам хаамаш кхаьчна-кха цуьнга. Масала, дIабоьхкина кешнашкахь нах бу, декъий лаьттабухара хьала а даьхна, экспертиза яр тIедожо а тарло, муха, мичахь, хIун бахьанашца белла и нах, зуьйш.
Хууш ду, стохка ГIуран-баттахь, полисхошна тIелатар динера, уьш тIемалой хиллера аьлла, лаьцна кхо стаг хилар а, царна чевнаш йина хилар а
Амма, масех беттанашкахь царех лаьцна кхи хууш хIума дацара. Ткъа хIинца гучудаьлларг хIун ду, и нах лецна, дарбан хIусаме кхачийначу 3-чу дийнахь белла хилар. Иштта и хилла хиларх тешаш санна аьр-кх вай.
Хаттар кхоллало, ткъа хIунда лачкъийна и нах баларх церан гергарчу нахах?
Кхи а цхьацца хIума къаьстина Москалькова Нохчийчу яхаран бахьанашца. Кхи дIа цундела юха а хаттар хIутту, юй-те бакъонашларъярхо кийча кхи дIа а, кIорггера, леррина и гIуллакх талла?
Тахана шена къаьстинчунна тIера дIа а татталуш, луьстур дуй-те цо и гIуллакх, шена харц информаци Нохчийчохь еллий кхета а деш?
Нагахь, ша кху тIехь сецна Iийр яц, юха а, юха охкуш, толлур ду цо бахахь, мехал ду-кх цуьнан Соьлжа-ГIала яхар. Нагахь, шена еллачу информацех тоам а бина, кхи дIа а талламан комитетца йозанашкахь кехаташ дIа-схьа а кхоьхьуьйтуш, Iийр йолуш елахь, тIаккха маьIна кхи ду цигахь.
ТIаккха, ахь юьхьанца ма-аллара, хIаъ, ю и спектакль, дера ю. Яц и спектакль бакъдерг лохуш хIоттийна, Нохчийчуьра Iедалхой цIанбеш хIоттийна спектакль ю-кх".
Юха а, мел елахь а, дегайовхо лаьтта «Мемориалан» бакъонашларъярхошкахь, цундела кIорггера жамI дан ца хIуьтту уьш хIинца а, Оьрсийчоьнан президентан цIарах бакъонашларъечу векалан Нохчийчу ярах.
"ЖамIаш дийца хьалхе ду цкъачунна"
Орлов Олег ву дуьйцуш: - "Иштта ца хила а тарло. Жимма дегайовхо ю, Татьяна Александровнас а, цуьнан Аппарато а кхи дIа а талламаш дIабахьа мега аьлла. Цундела тхуна ца хаьа. Цхьа маьIна а долуш мах хадо тхо кийча дац цкъачунна. Тхуна хетарехь, я цхьанхьа Iехийна хила тарло иза, вукхунхьа цунах хьулам бина хила а тарло…
Масане хуьлу, цуьнца цхьана бахначу цуьнан белхахошна кхи а дика гина хила а тарло хьал, амма цара а бIаьргаш хьаббан а тарло. Амма хIокху гучу суьртаца, ала хала ду, муха доьрзур ду. ЖамIаш Iорадаха хьалхе ду цкъачунна".
Цхьа могIа гIирсаша яздира, Москальковас Нохчийчу йогIу де билгалдаьккхинчул тIаьхьа, полисхой тептарерчу 27 стеган цIа а оьхуш, церан гергарчаьрга, шаьш хIаллакдийр ду шу, цхьа арз бакъонашларъярхочун лерех тохахь бохуш, кхерамаш тийсина хилла аьлла. Бух болуш дарий и дийцарш хаьтиира оха Орлов Олеге.
"Цхьа бакъду, Москалькова Нохчийчу а яле, къамел хилла цуьнан белхахойн бахархошца"
"Ду, и бакъ ду,- дийца волавелира иза, - Ши де хьалха зорбане яьккхинчу тхайн материалехь оха яздира цунах. Ишта, и хаам бакъхилар тIечIагIдо "Новая газетано" а, Би-би-си-но а.
Ткъа тхо, кхоалгIа, йозуш йоцу хьаста ю, оцу информацин тоьшалла дийриг. Хьанна тийсина кхерамаш, тхуна хууш ду. Оццу бахьанашца, Москалькова Соьлжа-ГIалахь йолчу хенахь, я цуьнца а, я цуьнан Аппаратерчу белхахошца а и бахархой цхьанакхетта бац.
Амма цхьана хIуманна тIе тидам бохуьйтур бара ас, оцу кхерийначийн цхьана декъаца Москалькова Нохчийчу а яле, къамел хилла цуьнан белхахойн.
Цара хеттарш дина цаьрга, цундела Татьяна Александровнин карахь дера ю дуккха а информаци. Iедало дIалехьийначийн гергарчара ма дарра хьал дуьйцуш, и боллу хааамаш бу цуьнгахь. Маца, мичахь, муха дIалецна, лечкъийна шайн бераш, хоуьйтуш.
Нохчийн ницкъахоша дийцинчул а, тIехсов тоьшаллаш ду-кх бакъонашларъярхочуьнгахь. Ма дарра аьлча, харцинформаци ма яй полисхоша цуьнга дIаелларг. Иштта дуккха а альтернативе информаци а ю цаьрга кхаьчна. Цундела, и ший а агIо вовшаца юста а юстуш, зен таро ю-кх церан".
Кеп-кепарчу хаамийн гIирсашкахь иштта цхьабоса дийца даьккхира, Оьрсийчоьнан омбудсмен Нохчийчу ян масех де дисинчу хенахь, Цоцин-эвлара, Iай Iедало церан воI Шемарчу тIамехь ву аьлла, махках баьккхина МускиевгIеран доьзал а шайн хIусамчу берзийна бохуш.
Маршо Радионо хаьттира оцу доьзалан кхолламах, къинхетам а бина, Iедало баха ца буьту-те уьш шайн ворхIе а дай баьхначу юьртахь аьлла хеташ.
"Тхуна ца хаьа, я МускиевгIарна шайна а ца хаьа. Ала хала ду. Хаа гIортахь, нохчийн хьаькамийн коьрта чу довла дезар ду тхан, церан къайленаш ястархьама. Тхуна ца хаьа, церан коьртехь хIун ду. Я цхьана ханна, талламаш берззалц битина уьш цIа я гуттаренна а баха буьтур бу, гонах дуьйцург дIадайархьама, ца хаьа.
Амма бакъду, Москалькова Нохчийчу ян масех де дисинчу хенахь, МускиевгIар цIаберзор, бакъонашларъярхо ярца доьзна балийна хилар а. Вайначу вешин Махьмин меттан МускиевгIеран шолгIа ваша дIагайтархьама.
Тхуна хууш дац баккъал а Махьмех хилларг, амма "Новая газетан" тептарехь кхелашка а ца хIиттош, тоьпаш тоьхначарлахь ю цуьнан цIе а. Москалькова тешорхьама дина хIума ду, иштта бакъдолуш санна ма хIутту сурт.
ЦIера, шен хIусамера схьавалийна хIара аьлла, дIагайта. Амма цара гайтинарг Махьма ма вац, цуьнан ваша ву-кх. Ишта хIоттийна сурт ма дара и. ХIунда-м ца хаьа, амма бакъонашларъярхо тешна оцу суьртах.
Хаац, дешнашкахь-м боху цо, дагахь хIуъа а делахь а. Цундела, кхи дIа хIун хилла оцу доьзалзх, суна хууш дац. Цхьанна ца хаьа аьлла хета суна".
Дахначу шеран Iай, йина кхел а йоцуш, тоьпаш тоьхна, Нохчийчохь байинчу нахах «Новая газетан» журналисташа дIакхайкхоран гIуллакхах йист а ели, иза теллина а дели аьлла, тIаьххьара тIадам а хIоттийна, гIуллакх архиве охьадуьллийла яц аьлла хета «Мемориал» Центран куьйгалхочунна Орлов Олегна.
Кхи дерг ца дийцича а, цхьа бахьана а тоьар ду боху цо, долийнарг кхи дIа талла, тесна а ца дуьтуш.
"И гIуллакх толлуш цахиларна ца боху ас, и тайпа низамаш дохош, зуламаш Нохчийчохь кхи лелор дац аьлла, тешам бац тхоьгахь, цундела а боху ", - дерзийра шен Маршо Радиоца хилла къамел "Мемориал" Центран Кхеташонан куьйгалхочо Орлов Олега.