"Ведучи" олу туристийн садоIун комплексан гIишлош а, оьшуш йолу инфраструктура а йина евр ю хIара шо чекхдалале. Цунах лаьцна дIахьедар дина "Курорты Северного Кавказа" олучу акционерийн юкъаралло, хаам бо ТАСС.
Хууш ма хиллара, ломарчу салазийн «Ведучи» курортехь жигара белхаш дIаболийна, инфраструктура еш. Болчу хаамашца, хьалхара садаIа богIу нах тIеоьцур бу цигахь тIейогIучу сезонехь.
Оьрсийчуьрчу экономика кхиоран министралло (Минэкономразвития) хаам бинера, Оьрсийчуьрчу ша-къастийначу экономикан зонашца юьстича, уггаре эвсара йоцуш болх бинарг ю Нохчийчуьра ша-къастийна экономикан зона аьлла.
2016-чу шарахь нохчийн ша-къастийначу экономикан зонан эвсараллан гайтам хилла 8 процент, ерриг Оьрсийчохь иза юккъерчу барамехь 84 процент а болуш.
Экономика кхиоран министралло билгалдаккхарехь, Нохчийчохь ша-къастийна экономикан зона кхоьллинера туризм яржор Iалашонца. Ткъа цу тайпа зонанаш мелла эвсаре йоцуш болх беш ю кхечу регионашкахь а, индустрин а, технологин а ша-къастийна зонашца юьстича.
Лаьмнашкахь салазаш хохку «Ведучи» олу ша-къастийна экономикан зонехь болх беш, 8 белхан меттиг кхоьллина волу, цхьа инвестор а бен вац. Ткъа бизнесан компанеш а, Iедало а луш долу ахча догIуш дац планаца дайа дезачуьнца.