Цкъачунна болчу хаамца, Хьалха-Мартан кIоштахь, ГихтIара-ВаларгтIе боьдучу новкъахь, ши машен дуьхь-дуьхьал а кхетта, 5 стаг а леш, нисбеллачу бохамна бехке ву ФСБ-н белхахо майор Дагиров ИбраьхIим. Иза билгалдаьккхина Хьалха-Мартанан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллехь.
Кху беттан 5-чу дийнахь 12-гIа сахьт доладелча нисбелла и Iожаллин бохам. "Тойота-Камри" машен тIехь хилла 34 шо долу Дагиров. И воцург кхелхина кхин а диъ адам: "ВАЗ 21099" машен урхалла деш хилла 30 шо долу стаг а, ши зуда а, цхьа стаг а. Уьш бершший ТIехьа-Мартанан кIоштара бу.
Тешийн гайтамашца, Дагировн дакъа юьхьанца экспертиза ечу говзанчаша дIадаьхьна, ткъа вукхера декъий гергачара дIадаьхьна, талламхойн тоба тIе а кхачале.