ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоь бехке йина Гуьржийчоьнан президенто


Гуьржийчоь -- Гуьржийчоьнан кхерамазаллина хьажийна конференци. Тбилиси, 12ГIад2017
Гуьржийчоь -- Гуьржийчоьнан кхерамазаллина хьажийна конференци. Тбилиси, 12ГIад2017

Гуьржийчоьнан президенто Маргвелашвили Георгийс дIахьедар дина, Оьрсийчоьно алсамбохуш бу шен Абхазехь а, Къилба ХIирийчохь а болу тIеман ницкъаш аьлла.

Цо дийцарехь, Оьрсийчоьно йохош ю цигахь бехачу Гуьржийчоьнан махкахойн бакъонаш, новкъарло еш ю царна дIасалела а, деша а, могашалла ларъян а. Маргвелашвилис бехке бина Оьрсийчоьнан эскархой административан дозанехь керла керташ ярна.

Батумехь кхерамазаллина хьажийначу конференцехь къамел деш, Гуьржийчоьнан президенто кхайкхам бина Оьрсийчоьнера болчу кхерамах лардала мехкан тIеман аьттонаш алсам баха беза аьлла. Цо иштта дIахьедар дина, питанаш лелор Оьрсийчоьнан политикан дакъа хиларх лаьцна.

Маргвелашвилис кхайкхам бина Малхбузерчу пачхьалкхашка Оьрсийчоьно лулахошца лелочу агрессина дуьхьало ян цхьааллин страгтеги кечъян еза аьлла.

2008-чу шарахь тIом хиллачул тIаьхьа Абхази а, Къилба ХIирийчоь а «йозуш йоцу пачхьалкхаш» хилар къобул дина Оьрсийчоьно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG