Оршотдийнахь видео яржийнера социалан машанашкахь ТазургIаевгIеран доьзалехь иккхинчу девнах лаьцна. Цу тIехь Кадыровн цIарахчу полкехь гIуллакх деш бу боху вежарий ТазуркаевгIар Адам а, Якъуб а шайн вешин йоI схайоьхуш бу, цунна таIзар дан дагахь.
Куьзган неIарш а, кораш а кегдеш божарий чулилхинчул тIаьхьа хедаш ю видео. Дийцарехь, уьш дIайига гIерташ хилла Шема яха дагахь хилла аьлла шайна хеташ йолу цу хIусамера йоI.
Иза дIайига баьхкинчу нахана хьалхабевлла бу цу йоIан девежарий -- Котар-юьртара ТазуркаевгIар Адам а, Якъуб а. И ши стаг цхьана хенахь къайлах лелачу тIемалойн тобан декъашхо хилла ву, хIинца кхечу агIонна гIуллакх деш велахь а, яздо Кавказ.Реалии портало.
Болчу хаамца, 2004-чу шарахь леррина операци дIахьош ТазуркаевгIар Якъуб (I980), Адам(I983) лаьцнера Iедалша. Регнум агенталло иштта яздира цунах лаьцна: "Низамаш лардечу органашкахь болчу хаамашца, лецна тIемалой дакъалоцуш хилла республикехь йинчу дуккха а теракташкахь. Бандиташ чубоьхкина талламан изоляторна".
Ткъа хIинца Соьлж-ГIаларчу телевизионехь хилларг кхечу агIор туьду царах цхьаммо Тазуркаев Якъуба. Ткъа цу сюжетан авторша чIагIдарехь, ТазуркаевгIара Кадыровн полкаца юкъаметтигаш йолуш бац. Амма кху документо гойтург кхин ду.
Нохчийчуьрча телевизионан версе хьажа аьтто бу кхузахь:
Ткъа орца дехначу хIусамдас ша галваьлла хиллера...