ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакаева: "Цхьана минотна а вицвелла вац тхуна Зелим..."


Соьлжа-ГIалахь вайначу артистан Бакаев Зеламхан гIуллакх талларехь низамаш талхийна хилар гучудаьлла Нохчийчуьрчу прокуратурана

КхоалгIа бутт болабелла нохчийн иллиалархо Бакаев Зеламха Соьлжа-ГIалахь вайна.

Амма тахана а иза лохуш, цхьана акепара мехала гIулчаш яьхна яц махкарчу Iедало, ур-атталла, долийна дац я бехктакхаман гIуллакх а.

Ша могуш - маьрша хиларх кIантера цуьнан гергарчаьрга кхаьчна хабар-кост а дац.

КIентан нана полицин декъе мел йоьду, «лохуш ву», «карор ву», «дийна а ву» олий, хIоразза а цхьатерра жоьпаш лой, юхайоуьйту.

Ткъа Зеламха дийна хиларх тоьшалла байначу баттахь меттигерчу телевизионехь гучудаьккхира цкъа, «Германехь» ву ша бохуш, кIанта яьккхинчу видео тIехь.

Ши де тоьара бакъонашларъярхошна а, журналисташна а Зеламха чохь волу хIусам Германехь йоцийла а, оцу петарчуьра йийбар Оьрсийчохь арахоьцуш хиларан а тоьшаллаш дало.

Ур-атталла, стоьлтIера энергетикан хиш а ца хиллера Малхбузехь деш.

Цул совнах, журналистийн дехаршца Еврокомиссино а хьем ца беш информаци елира, Бакаев Зеламха Европан мехкашка кхаьчна цахиларх.

Доцца аьлча, Iедало хIоттийнарг еккъа спектакл хиллера.

ХIетахь дуьйна республикерчу Iедалша а, я зорбанаша а кхи хьахош а вацара Бакаев.

Еарийдийнахь Нохчийчуьрчу прокуратуран сайта тIехь керла хаам кхозу Бакаев Зеламхах.

Иллиалархо варах прокуратуран белхахоша материалаш луьстучу заманчохь талламчаша низам дохийна меттигаш хаабелла, яздо цара, коьртачу декъанна, къайлаваьллачу иллиалархочух лаьцна хаа хьакъболу нах хIинца а зийна, лебина цахилар билгалдоккху мехкан прокурора.

Оцу юкъанна муха хьал лаьтта Зеламхан доьзалехь, цхьана а кепара билгало кхаьчний-те кIентан нене, иза дуьненчохь хиларх.

Маршо Радион хеттаршна жоьпаш луш ю иллиалархочун нана Бакаева Малика.

КIентан ненаца хилла къамел хийцам а боцуш зорбане доккху оха.

- Малика байначу баттахь Соьлжа-ГIалин телеканалехь хьан кIант Германехь ву аьлла, видеоролик гайтинчул тIаьхьа хилира вайн тIаьххьара къамел, хIетахь дуьйна кхи кост кхаьчний хьоьга Зеламхера?

- ВаллахIи кхаьчна дац-кх, цхьана а агIор. Тахана-кхана бохуш, сатийсина сан са а кхачийна, суо хьанна тIе гIур ю а, айса хьаьнга хIун эр ду а хууш яц со.

- Германехь ву иза аьлла Iедало хIоттийна сурт, бакъ цахиларан тоьшаллаш дуккхаъ далийра журналисташа а, бакъонашлаоръярхоша а…

- Суна-м ца хаьа, ша корта хьаьвзина, цхьана хийрачу стага хIилла дина, хIаллаквина латтош ву-те сан иза, я ван а вац- те иза олий, коьрте ца догIуш хIун ду сан? ХIара хIун ду тIекхуьуш со-м яц.

- Iедална тIе яхана, адвокат лаьцна, цхьа а кхи некъаш дуй ахь лелош?

- Дера дац. Со Iедална тIеяхча а, шаьш хьовсуш ду олу. Талламхочунна тIе а яхна со, цо а шаьш хьовсуш ду олу. Миччахь волу стаг а каравой, цIа вала ма вора, ишта дижина дитина ду-те хIара гIуллакхь аьлла, со тIеяхча а, далург ша дан а дина, тесна дитина а дац олий, юхайоуьйту со.

- Дийнан делккъахь вайна стаг, маха ма баций иза....

- ВаллахIи бац-кх! Маха болуш санна дIа-м вайна сан иза.

- Зелим вевзарш а, тIаьххьара цуьнца къамелехь хилларш а зийна

цаьрца болх болийний Iедало?

- ТIаьххаьра цуьнца телефонехь хилла йоI тIекхойкхур ю шаьш аьллера цара, оцу йоIа а элира тIекхайкхинера ша аьлла. Ца хаьа суна-м, хьовсуш ду шаьш цара алар бен.

- Ватс Апехула ахь Кадыровга орца дехнера, хьайн кIант цIа верзош гIо дахьара аьлла. Мехкан куьйгалхочун администрацера цхьа а веарий, я телефон а тоьхний хьоьга цхьаммо а.

- Ца тоьхна, цхьа а къамел хилла дац соьца цигара схьа.

- ТIаккха Iедало хьан кIант лохуш сихо еш цахилча, цхьа а шеконаш ца хуьлу хьан?

- Дукха ойланаш кхоллало сан, бакъдерг аьлча. Мехкан куьйгалхочунна хууш дуй-те хIара олий а хета суна, суо цунна тIекхачалур хилча, гIур яра олий а хета. Со суо а ю-кх кегаелла. И сайн кIант бахьана долуш, цхьанна а хьалха охьатаIа меттиг болуш ма яцара со, цо тIедеана эхь а дацара, цуьнгара даьлла хIуммаъ а ма дацара. Иза мел вевзачарна хууш ду, иза муха вара.

- Хууш ду, тахана Нохчийчохь мел чIогIа хьул а велла, Iедална критика йинарг а кара а веш, юьхь тIехь мел дерг охьа а доккхуш зама юкх- хIара...

- ВаллахIи кара во-кх! Массарна а гIо деш ма вуй хIара вайн куьйгалхо а. Юха а, тIаккха а сатуьйсу ас, цунна суо тIекхачаелча, цо гIо-накъосталла дийр дара аьлла а хета суна. Цхьа мостагIий хилла хир бу-кх сан кIентан, цара тешнабехк бина хир бу- кх аьлла хета суна. Iедал бехке ца до ас.Iедална а хIун динера цо? Царна а стенна оьшура иза? Бусулба дог а долуш, нах бац уьш? Оццул ас иза лоьхуш гуш, шаьш а тIаьхьабевлла лоьхуш ву ма боху цара.

- Зелиман доттагIаша телефон тухий хьоьга, иза хоттуш, са гатдеш цунна?

- Накъостий бохйи ахь? Юьхьанца еттара цара телефон, Дала тIаьхьа кхиайойла, хабар дуй цуьнгара олий. КестолгIа тоьхна яц. Цхьаболчарна ас иза къайлаваьхьна ву, соьца зIенехь ву моьтту. Сайца иза зIенехь волуш, иза къайла а ваьхьна Iен, цхьана а агIор охьатаIа меттиг бац сан. Со Iийр яцара иаз хьул а вина. Ша лехнарг карийна-кх цунна аьлла а Iийр ма яра со.

- Нохчийчуьрчу Iедало кхи сихо еш а ца хилча, Оьрсийчоьнан президнете я президентан цIарах бакъонаш ларъечуьнга арз дина, цхьана агIор некъаш хIунда ца дохку ахь хьайн кIантана тIе?

- Ца хаа суна-м. Тахана-кхана бохуш, иза ларвеш Iаш ю кх со. Цара а сайна тешам белла дера. Са ма гатде, цIа вогIур ву ма олу соьга Iедалехь болчара а. Тахана-кхана ца вогIу-те бохуш Iаш ю, хIара гIуллакх дIадахлахь цхьаъ ца дича ер яц со.

- Са ма гатде, цIа вогIур цара бохуш хилча, цхьаъ хууш хьийза-кх Iедал..

- Царна хIун хаьа ма ца хаьа суна-м.

- Зорбан министро Умаров Джамбулата декхарех ведда, къайлаваьлла аьлла Зеламха..

- Делавазалора ца ваьлла-кх. КIантана тIехь я декхарш а ма дац. Кредит а хIунда хуьлуш ду цунна тIехь? Цхьанхьа болх беш хила ца веза, кредит оьцуш хилча? Я кредит а дац цунна тIехь, я вуьшта цхьана стеган декхар а дац цунна тIехь. Ас боху-кх, сайн кIант бахьанехь юьхьIарьжа хIотта меттиг болуш яц со. Дийца-м шайна луург дуьйцур ду. Интернетчохь хIуъа а дуьцу дела, аьлла хир ду-кх цо а и.

- Делахь Iедална дегабаам бац-кх хьан...

- Iедална дегабаам ма бац сан. Царна хIунда оьшур вара иза? Iедална цо йина цхьана а гIор новкъарло а ца хилча, цуьнгара даьлла зулам а ца хилча. Цхьа хIума дала ца дезара цуьнгара? Царех дегабаам бац сан, делахь а и сайна лаха тIехьа араваьлча, сайна а доккха гIуллакх хетар дара суна.

- Ас и стенна хоьтту аьлча, Зелим вайначу деношкахь Инстаграмехь ас а дийшира, хьан лерех а кхетта хир ду и, Первомайскан урамехь къорза духар доьхначу наха машенчу а тоьхна, дIавуьгуш гира шена аьлла, цхьана жимчу стага яздина.

- ХIаъ, интернечохь хезна аьла, иштта дийцира суна а. Оцу Первомайскехь дIасакъаьстина а ду тхойшиъ. Цунах кхи дIа хилларг хууш яц со. Боккха бала бу тхоьгахь. Чохь Iаш волу Зелиман деда а цкъа меттавогIу, тIаккха а вужу. Инвалидаш деда а, денана а ду Зелиман. ЧIогIа холчахь и шиъ а ду. Шаьшиъ далалае гучу валахьара иза бохуш, Iаш ду. ЧIогIа сатуьйсу цара а Зелиме. ВогIур ву, дийнаа ву, сатоха бохуш, уьш юхабетташ Iаш со суо а ю. Цхьана минотна а вицвелла вац тхуна Зелим.

Оьрсийчоьнан низамаш девзачу юристе Мусаев Iалавдига дийцийтира Маршо Радионо, тахана чуьра стаг вайначу наха уггар хьалха дан дезачух а, Iедало дан догIучух а.

Ца боху цо вайна стаг ца лохуш, цунна тIаьхьа ца бовлуш Iедалхой шина баттахь хьежа беза.

Тахана Оьрсийчоьнан низамашца чуьра стаг вайначул тIаьхьа маса де даьлча орца даккха деза, Iедало вайнарг лохуш белхаш а маца дIаболо беза аьлла хаьттира оха адвокате.

- И хьан вайна стаг, къайла а ваьлла, шен лаамехь дIавахана вац аьлла хьайна хеттачу хенахь, тахана иза араваьллехь а, кехат яздан йиш ю хьан. Хьайна хаахь а, ца хаахь а, суьйранна чувогIур ву аьлла, араваьллий иза, амма суьйранна чу ца веана, гергарчаьрга а, масаьрга а хаьттина ахь, хьайн дагахь шеконаш хьулий, цхьаъ хилла-кх цунна аьла, тIаккха а кехат яздан йиш ю хьан. Iедале ахь орца ма даьккхи, цара болх болабо-кх, стаг лахаран болх. Моргехь хьовсу, дарбан хIусамашкахь хьовсу, юха, 10 де дIадаьллачул тIаьхьа, тIепаза вайна олий, гIуллакх доьллу.

- Стаг варах хаам а бинехь, и вайна 3-гIа бутт а хилча, тахана долийна а гIуллакх а дацахь, я лоьхуш дIахьош барамаш а бацахь, тIаккха хIун хIун дан догIу чуьра стаг вайначунна?

- И вайначо кхи кехат яздан деза, ахь дуьххьара хьайн стаг варах хаамбинчо терго йоцуш дитина, я цхьа а хьесапе хIума лелош а дац олий, арз до ахь прокуроре, я кхи лекхачу хьаькаме яздо, цо кIад а ца дой, тIаккха кхеле дIахоуьйту.

Низамаша хIуъа бахахь а, кIант вайначу нанна дуьсург ду синтемех а йоьхна, сатийсар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG