Даханчу кIиранахь Австрерчу Грац гIалахь Iедало нохчийн доьзалера дIадаьккхинчу 7 берана шайн да-нана ган бакъо елла, берашна Iуналла даран хьукмато. Маршо Радиона цу доьзална гергарчу хьостано тIечIагIдарехь, кIирнах цкъана хьукматан белхахой хьалха а болуш. бераш долчу дан бакъо елла церан дений, нанний.
Масех де хьалха нохчийн доьзалера Австрин Iедалхоша 7 бер дIадаккхаро йоккха резонанс йинера социалан машанашкахь. Маршо Радионо зорбане яьккхинчу видео тIехь гуш дара, Грац гIалахь бехачу АзимовгIеран доьзалан неIаре баьхкинчу берашна Iуналла даран хьукматан векалша, шайца цхьаьна баьхкина полисхой а болуш, ницкъаца бераш дIадахар а, кхераделла доьлхуш, маьхьарш хьоькху бераш а, уьш шегара дIа ца дигийта гIерта нана а.
Жимма тIаьхьо хиллачун деталаш а гучудевлира, цу берийн дас а, нанас а, дестечо а, кхечу гергарчу наха а ватсапехула хилларг дуьйцуш, хиллачун бехкеверг лоьхуш аудиокхайкхамаш баржорна. Берийн да и доьзал бита а битина, кхин зуда ялийна, цуьнца Iаш хилар а, берийн нана шен доьзалца готтачу пансионатехь Iаш хилар а, ткъа берашна Iуналла даран хьукмато цу доьзална массийтаза хаам бина хилар, уьш чохь Iаш йолу петар иштта дукха адамна готта ю, берийн кхиарна зуламе а ду готталехь дахар, бохуш.
И хаамаш АзимовгIеран доьзало тергал ца бинчул тIаьхьа бераш дIадаьхна хилар а къаьстира.
Маршо Радион хьостанаша бинчу хаамца, берийн хьукмато, нагахь санна цу берашна тоъалла меттиг йолуш петар дас-нанас лацахь, доьзал цхьаьнатухур бу аьлла, хаам бина. Карарчу хенахь Австрера нохчийн диаспорин векалш ахча вовшахтухуш бу, цу берашна керла петар лаца.