Шо шаре мел долу, мелхо а, алсамдолуш ду Iедало нохчийн доьзалшкара дIадаьхначу берийн терахь.
ХьастагIа Малхбузехь бехачу нохчашлахь яьржира Австрерчу цхьана доьзалера 7 бер дIадоккхуш гойтуш йолу видео. Цу тIехь гуш дара полисхошца цхьаьна Грацехь бехачу АзимовгIеран доьзале баьхкинчу берашна Iуналла даран хьукматан белхахоша доьлхуш, маьхьарш хьоькхуш долу бераш дIадуьгуш.
Уьш мича бахьница дIадаьхна гуш дацара видеогайтамна тIехь, вуно йоьхна лела нана а, кхерделла бераш а доцург. Оцу сохьта даьржира цу видеонна гонахь вуно дукха дийцарш, берийн нанас а, дас а, ден керлачу зудчо а ватсапехула аудиохаамаш баржорца дела денна деба а дебаш.
Ткъа хилларг, Маршо Радионо бинчу талламца, 7 берий, церан наний Грацерчу цхьаьна пансиотан готтачу чоьнах хене бовлуш хиларца доьзна дара. Берашна Iуналла дечу хьукмато, берийн нанас ша дийцарехь, масийтаза хаийтина хиллера цу доьзална, оцул дукхачу берашна и петар дукха готта ю, берийн кхиарна зенехь ю и гатто, цундела шайна йоккхахо петар лаца, ца лацахь бераш цхьана ханна Iедалан Iуналле дохур ду, аьлла.
Ткъа и хаамаш берийн дас-нанас тергал ца беш битинчул тIаьхьа полицица цхьаьна неIаре югендамт яро цу эрчалле даьккхинера хьал.
АзимовгIеран бераш дIадахар дагах кхеттачу Австрерчу вайнаха оцу сохьта гулдан долийра царна керла петар лаца ахча. Цул совнаха и видео яьржинчу буссехь ватсапехула цхьана цабевзачу наха ир-кара а хIиттийна, масех нохчо гулвеллера Венерчу югендамтана гIишлонна хьалха резадацаран митинг ян, амма цу митинган санкци ца хиларна полисхошна уьш цигара дIасабаьхнера.
Австрехь нохчийн я гIалгIайн доьзалшкахь цу тайпа Iотта-баккхамаш нисбелча уггаре а хьалха Венерчу Нохчийн, ГIалгIайн Кхеташоне боьлха гIо лоьхуш берш. Цу Кхеташонан куьйгалхочуьнга Мусалатов Шайхига хаьттира Маршо Радионо карарчу хенахь нохчийн доьзалера дIадаьхначу берийн кхолламах лаьцна. Шайхис дуьйцира: - "ВорхI бер дIадаккхаран бахьанна вай тIаьхьакхиа дуьйладелча, цигахь гуш дерг цхьаъ ду – ден-ненан бехк бу. Стенна бу церан бехк?
Церан барт ца хилар бу-кх, барт боцучехь беркат ца хуьлу. Массарна а дагах кхетта хьал ду цигахь. Югендамто бохург цхьаъ ду- цара шаьш чохь Iаш долу хьелаш берашна тоъалла тодичахьана шаьш и бераш цIадохкуьйтур ду аьлла. Цу нахана хIинца карарчу хенахь оьшуш кхин хIуммаъ дац, царна гIо дина, цу ден-ненан хIинца цхьа барт а хилла, цара шайна петар лаьцчахьана“.
Бераш дIадахар иштта цхьа цIеххьана, берийн дена-нанна хууш я дагахь хIуммаъ доцуш, нислуш дац бохуш дуьйцу Мусалатов Шайхис, хIинцалца схьа шаьш Кхеташонехь тергоне лийцинчу доьзалийн масалшна тIе а тевжаш.
Я цу берашна кхочуш Iуналла ца дина, я уьш чохь деха хьелаш сов ледар хилла, я царех цхьаъ заьIап хиларна да-нана цуьнна оьшучу кепара хьажа ца ларош, я дас-нанас цу берашна еттар гучудолий – иштта цу кепара хуьлу доккхачу декъехь бераш Iедало дIадахаран бахьнаш.
Къаьстина дас-нанас берана еттар хьахийра Шайхис, цхьанна а агIор я нохчийн Iадаташца а, я бусалба динца а догIуш а доцуш, хIетте а вайнахалахь даьржина маьттаза хIума санна.
„Кху Австрехь кхин а дуккхаъ меттигаш ю, югендамто бераш дIадаха кечдина дуйла, дIадаха кхерам шайна буйла хуушехь, дас-нанас хIуммаъ ца деш, тергал а ца деш. Югендамтах вай цхьа монстр а йина Iийча тоьуш ма дац, цара хIун лелдо, мича бахьанишца дIадоху бераш хаа ма дезий вайна.
Цу берийн бакъонаш ларйан кхоьллина ю и югендамташ, цундела чIогIа дехар ду сан массо а дайшка-наношка, боккъалла а, и шайн бераш лардахьара аш, царна Iуналла дахьара аш, ишколе доьдучу хенахь хаза Iалашдина дахийтахьара аш уьш. Етта-м тешна а мегар дацара царна.
Бусалба динца я вайн Iадаташца а догIуш дац берашна еттар.
Иштта вайн Iадатца вуно бехке лоруш хилла берана тохар. Божабер кхоьруш ца хилийта тухуш ца хилла цунна, ткъа зудбер а, йоI а экам йолуш дена цунна-м хIетте-ветте а тухуш ма ца хиллий.
Цкъа а вайн къомаца ца хилла долу маьттаза хIумнаш лелон буьйлабелла кху аренца и цхьаболу нах“, - бохуш, оезавоцуш дийцира Маршо Радионе Шайхис.
Iедало дIадигинчу берийн деца Азимов Сулимца а зIене елира Маршо Радио.Шен аз хазош, вистхила ца лаьа элира цо, амма бераш ган магийна шайна, кесталгIа петарца дерг дIанисдинчул тIаьхьа уьш цIадохкуьйтур ду а аьлла шайга, элира цо.
Ала догIу, хьастагIа Грацера дIадигина АзимовгIера бераш хилла ца Iа Австрехь Iедало шен Iуналле даьхна я кхечу доьзалшка кхион дIаделла нохчийн бераш.
Маршо Радион информацица, масех бIе бер ду карарчу хенахь шайн нохчийн дех-ненах къаьстина кхуьуш. И бераш цIадерзон а, кхечу доьзалшкара керла-керла бераш Iедале дIа ца дахийта а уггаре а хьалха дай-нанойн кхеташ кхиоран болх бан беза, царна шаьш дехачу пачхьалкхан низамаш, и низамаш шайн мел гома делахь а, кхочуш ца дича девр доцийла а кхетош.