Австрехь и болх дIаболийнарш бу нохчийн-гIалгIайн Кхеташонан кегирхойн декъа юккъера нах а, Нохчийн Венера Репорт це йолчу боламан декъашхой а. Цара даханчу деношкахь цхьа могIа цхьаьнакхетарш а дIадаьхьира, Австрехь бехачу нохчийн юкъараллин жигархошца, цу темах лаьцна дагадовларш дан Iалашонца.
Цул совнаха, "Тхо наркотикшна дуьхьал ду" аьлла цIе а йолуш, профессионалан тIегIанна тIехь видеоклип а кечйина, Австрехь бевзаш болчу нохчашка цу хьокъехь дош а луш, и клип яржийра социалан машанашкахула.
И болх юьхьаралаьцначех цхьаъ ву ММА спортехь кхиаме къахьоьгуш волу Бисаев Увайс. ММА Респект аьлла спортан клуб а кхоьллина, вайнехан кегирхошна юккъехь могуш а, низамца цхьаьна догIучу кепар а Iер-дахар марздаран белхаш беш ву иза шен накъосташца цхьаьна.
Маршо Радиона ша еллачу интервьюхь Бисаев Увайса дийцира, наркотикаш а, криминале леламаш а Австрерчу кегирхошна юккъехь вуно даьржаш догIуш хиларна сацам бина шаьш и акци йолон, бохуш.
"Кху Австрехь и наркомани а, криминале леларш а чIогIа даьржина ду, кегийчу берашкара дуьйна схьа долалуш ду иза кхузахь вайнахана юккъехь. Наркотикаш-м ишколехь дуьйна схьа модехь ю, и молханашший, и узуш йолу хIумнашший. Дай-нанойн бехк бу цигахь алсамох. И тема чIогIа актуале а ю, вай цхьаъ динехь хIун дара -те, вайн имидж кхузахь иштта а дика а яц, вай цу хIуманна реза доцийла а гойтуш, нохчийн къам цу хIуманна дуьхьал дуйла а гойтуш аьлла болийна оха хIара болх.
Хьала-охьа а вайна юккъехь чIогIа осал лоруш хIума а ду и наркотикаш яар, уьш йохкар-эцар. И хIума хIинца дуьйна дийца а дуьйцуш, цунна дуьхьало вай ца яхь, чакху вуно ледар хила мегаш ю вайн", бохуш, сингаттамца дийцира Увайса.
Дена а, нанна а доккхачу декъехь ца хаа шайн доьзалхо корт бахон молхнаш юуш хилча, хIунда аьлча царна дага а ца догIу, шайн кIанта и саннарг дан мегар-кх аьлла. Ткъа муха хуур ду дай-наношна шайн бераш харцахьчу новкъа девллий? Стенна тидам бан беза цара? Увайса дуьйцу.
"ХIинца вайна гучудевлла долу аматаш муха ду аьлча, коьртаниг - и доьзалхо тIаьхьа чу вогIуш хилар ду. 8-9 сахьт даьллачул тIаьхьа буйьсанна арахь лела гIуллакх дац кегийчу нехан. Цхьа хIума узуш и жимстаг велахь, хьожа йогIур ю цунах. Молхнаш юууш иза хилча, цуьнан бIаьргаш шорлой хуьлу олу.
Я гуттар а наб оьхуш, гIеллой хир ву иза. Я цхьа цIеххьана карзах волий, ша сихха цхьанхьа кхета ваха везаш ву бохуш хьере хьовзуш хуьлу иза. Дас-нанас вуно чIогIа тидам бан беза шайн доьзалхошна тIехь", - элира цо.
Масийта баттахь цу цамгарх дарба дан Реабилитацин Центрехь а Iиллина, эххар а товелла лерина арваьллачу нохчийн жимчу стагца цхьанакхета а, цуьнга ладогIархошка шеца хиллачух дийицта а гIоьртира Маршо Радио.
Амма шен аз хазош дийца ца лиира цунна. Цу кIантаца юкъаметтигаш лелош волчу Бисаев Увайса дийцира цуьнан дешнашца наркотикех нохчийн кегирхой мича бахьанашца бетталуш нисло.
"Вайн цхьа ваша ву, и хIума лелийна, хIинца цунах маьрша ваьлла. Цо иштта дуьйцу кегирхой наркотикех беттабаларан бахьанех лаьцна. Коьрта бахьана да-нана дIасакъаьстина хилар ду боху цо. ШозлагIниг, и бер я деца я ненаца кхуьуш, доцца аьлча, кхачамбоцучу доьзалехь кхуьуш хилар ду.
Цул совнаха, чохь барт боцуш я цу берана тIеIаткъам беш, цхьа жимчохь цатам хилла я травма хилла иза хилар ду. ТIаккха цо бохура, дас-нанас вуно шога терго ян еза къаьстина кхиина вогIучу шайн доьзалхочунна бохуш. Масала, беран телефон догIа тоьхна хила езаш яц, иза цхьа во хIума я цхьа эхье хIума лелош дацахь. Даима а и бер шайн тергонехь латтон дезаш ду бохура цо".
Австрехь криминале леламаш бахьана долуш вуно чIогIа гIарбевлла бу нохчийн кегирхойх цхьаццаберш. Бисаев Увайса дийцира, криминал а, наркомани а даима а аьлча санна цхьаьнайоьзна хуьлу бохуш. Амма хIинцалца схьа Iедало криминале хIумнаш лелийнарш набахте бохкарца царна до таIзар чекхдолуш хиллехь, хIинца зуламаш лелош гучубевллачарна Оьрсийчу депортацеш йо элира цо.