Кху деношкахь Германехь дIайоьдуш ю 15 стагах лаьтташ хиллачу «Малхбалерчу Европера мафи» шех олучу талорхойн тобанна тIехь кхел. Цу тобан декъашхой оьрсий а, нохчий а, украинхой а, македонхой а хилла. Царах пхи стаг ГIадужу-баттахь дуьйна кхеле озийна вара.
Ткъа кхаарийн дийнахь процесс йолийна церан могIаршлахь хиллачу кхин а кхаа нохчочунна тIехь. И кхоъ а ву нахера кхерамаш тийсарца ахчанаш схьадахарна а, низамца доцуш герзаш лелорна а, наркотикаш йохк-эцарна а бехке веш.
Оршотан дийнахь «Малбалерчу Европера мафи» олучу тобан декъашхоша цхьана тешана кхерамаш тийсина хилар гучудалар бахьана долуш, иттанашкахь полисхоша ларъеш ю Дрезденера кхел.
Саксони лаьттан юстицин министраллан зорбанан гIирсашца болх баран декъехь Маршо Радион корреспонденте бинчу хаамца, талорхойн тобанан а кхин а масех декъашхочуьнга барт хоттур бу Лахьан-бутт чекхбалале.