ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кадыровн Соьлж-ГIала, Тиматин "Блэк Стар Бургер"


Нохчийчохь туризм де дийне кхуьуш хиларо а гойту, оцу махкахь маьрша, паргIат хилар аьлла Кадыров Рамзана.

Кху шарахь 90 эзар гергга турист хилла Нохчийчохь. Проценташкахь аьлча, 15-нне кхиина кхечу пачхьалкхашкара чуоьхучу туристийн терахь. Iамеркера, Китайра, Японера, Францера бара бохуш, даредо мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а цхьана, шена Инстаграмерчу агIон тIехь.

"Туризм де дийне кхуьуш хиларан оцу тоьшаллаша а чIагIо ло махкахь маьрша, паргIат хилар", ма-дарра далийча, ишта ду Кадыровн дешнаш.

Масех шо хьалха дуьйна йина чIагIо яра мехкан куьйгалхочун, Оьрсийчоьнан регионашлахь туристашна лерина уггар а тоьлла хьелаш Нохчийчохь хирг хиларх.

Туриндустрин экспертийн ойла екъаеллера хIетахь. Цхьаболчара тIе ца дуьтура мел даккхий ахчанаш юкъадахкахь а, Нохчийчохь туризм кхуьур ю бохург. Туризм кхио гIертачул а, меттигерчу бахархойн а, чуоьхучу хьешийн а кхерамзалла ларъян езара бохуш, дIахьедарш хезадора.

Ткъа вукхара бахарехь, Нохчийчохь бIаьрг тоха ван вуно дуккха а интересе объекташ ю: културин, историн хIолламаш, бIаьвнаш, курорташ. Махкахь хилла тIемаш бахьанехь туризмна дуьхьало латтайойла дац олура цара.

Массо а агIор тIе тидам а бохуьйтуш, белхаш болийра Нохчийчохь туристашна лерина садоIийлаш йохкуш, самукъадаккха хIусамаш схьайоьллуш, некъаш тодеш, шордеш. Мехкан куьйгалхочо, "гой шуна, кхераме ма дац тхан регионехь, маьрша ду", бохуш, тоьлла, баккхий артисташ, спортсменаш кхуьйкхуш, мел а эвхьаза баьккхира мохк дуьненна а гергахь.

Тахана ша хьегна къа а, юкъадиллина ахча а хIуммаъ зен ца дайна бохуш дIакхийкхадо Кадыровс.

Нохчийчохь тахана уггар а кхиаме лоручух ю «Тур-Экс» туристийн агенталла. Маршо Радионо хаьттира оцу агенталлан туроператоршка, кху дIадоьдучу шарахь маса турист чекхваьлла Нохчийчухула, церан зерашца, аьлла.

"Хокху сохьта тхан агенталлан статистикаца 69 эзар стаг ву Нохчийчохь хилларг. Шо дирзинчул тIаьхьа 100 эзар сов хир ву аьлла тешна а ду тхо. Оьрсийчоьнан регионашкара бу дукхахболу туристаш, Ставрпол, Краснодар, ГIирма. 10 процент алар мегар ду кхечу пачхьалкхийн бахархой а бу".

Кху шарахь шайн аьтто хилла дуккхаъчу гIараевллачу агенталлашца контракташ дан, Москохарчу а, Петарбухарчу а, иштта ГIажарийчуьрчу турфирмашца а юкъаметтигаш тасаелла тхан, бохуш, дийцира "Тур-Эксан" белхахочо.

"ХIара шо чекхдолуш схьайоьллуш ю "Ведучи" курорт, тIаккха туристаш кхин а чухахакалур бу аьлла тешна-м ду тхо. Нажин-Юьрта,Ведана, Къоьзан-Iам, Аргун-чIожа, Итон-Кхела, и меттигаш ю туристашна къаьсттина хазахетарш. Де дийне гуш ду тхуна, мел йоккха интерес ю вайн махка бахка, тхоьга кехаташ яздо, телефонаш етта.

Масала, Францера схьа кехаташ яздеш ву цхьаъ, иштта Европан кхечу мехкашкара а оьху тхоьга кехаташ, хIун ду, муха ду, хаа лууш, догIур дара шаьш бохуш. Царна хаьа кхузахь маьрша, паргIат, синтеме дуйла. ТIедогIучу шарахь 200 эзар турист схьагIуртур ву аьлла ю-кх тхан прогноз", - аьлла, дерзийра шен къамел «Тур-Экс» агенталлан белхахочо.

Махкарчу турагенталлашца юкъаметтигаш латтош ю ХIинжа-ГIалара «Мартин-Трэвэл» агенталла. Цуьнан куьйгалхо Мартиросова Янас бакъдо, Нохчийчоьне туристийн интерес хилар а, цига баха лаамберш тIаьхь-тIаьхаь алсам буьйлуш хилар а.

"Суна Дагестане схьаоьхучу туристашка хьаьжча го суна, Соьлж-ГIала тураш оьцу цара. Нохчийчу баьхкинчара Дагестане тур оьцуш меттигаш а нисло. Нохийчохь бу сан партнераш, тхешан туристаш дIа-схьа кхийдабо оха. Цундела, гучу суьртаца аьлча, ю интерес Нохчийчоьне. Ши бутт хьалха Соьлж-гIалахь хилира со сайн цхьацца гIуллакхашца. Сайна гира суна, дуккха а туристаш "Грозный -Сити" олучу тIекIел йинчу гIишлошна гергахь. Дукха адам дара отел чуьра арадуьйлуш а", - бохуш, чIагIдира Мартиросова Янас.

Шерашкахь туризман бизнесехь йолчу йоIа дийцира, шена хетарехь, Нохчийчоь хьешашна интересе хиларан кхо бахьана а.

"Цкъа делахь, масийтта шерашкахь тIемаш лаьттина, йоьхна хиллачу гIалига бIаьрг тоха лаьа нахана. Масийттазза штурм а еш, баккъал а зенаш дина, хIаллакхилла мохк ма бу и юхадебина. Мила ву хазанза Нохчийчоьнан трагедех? Массарна а хезна. ТIаккха тахана Соьлж-ГIала маьрша гIала санна гойтуш, юьйцуш ю.

Ас ца боху иштта чIогIа чухьаьдда Нохчийчоь ган лууш уьш бу, амма сил къиза денош лайна гIалига хьовса лаам алсамчийн бу аьлла хета суна.

ШолгIа делахь, хаамийн гIирсаша еш йолчу пиаро а марздо цига ваха, иза а доккха гIо до.

3-гIа бахьана, гой хьуна, шо шаре кхуьуш ма ю Соьлж-ГIала, стигал бохь дIаюгIу, зезагийн парк схьайоьллу, хелхарш ден фонтан хIоттийна, Блэк-Стар бургер йилли. Соьлж-ГIала боьлхучу туристийн тобанаш вовшахтухучу сан белхан накъосашка олуш хезна суна, делкъанна хIума кхалла Блэк-Стар бургер чу гIур ду вай. Суна схьахетарехь, муьлххачу а меттигех ялур ю-кх гIалин историн сийллаллин меттигаш", - аьлла хета Мартиросова Янина.

Кхо шо хьалха Кадыров Рамзана а, бизнесхочо Байсаров Руслана а кхайкхина баьхкинчу Оьрсийчуьра а, кхечу пачхьалкхашкара а хьешашца схьайиллира «Ведучи» когсалазаш хахкаран хIусам.

Официалехь дицарца, оцу проекто дIахуьйдина 15 миллиард сом, цуьнах 30 процент Байсаровн ахча ду, дисинарг кредитан чоьтах.

5 эзар гергга садаIа веана стаг цхьаьнаметта дIатарвала таро хир ю оцу курортехь.

Нохчийчуьрчу турагентийн дегайовхо ю, "Ведучи" олу туристашна лерина садоIу комплексан гIишлош а, дийнна шерачохь когсалазаш хехка аьтто беш, оьшуш мел йолу инфраструктура а схьа а йиллина, тIейогIучу хенахь дуьненан массо а маьIIера туристаш оьхуш, Нохчийчоь зиярат хилла дIахIуттур ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG