ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Шен бакъонаш йоцийла а хууш, садетта нохчийн нанас"


Кху беттан 20-чохь Дуьненаюкъара берийн де ду аьлла билгалдаьккхина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Юкъаралло.

Адамашна юккъехь уггаре а гIийла, шаьш шайна гIо дан а, орца кхачо а аьттонаш боцурш ду бераш, массо а хIуманна тIехь баккхийчарех доьзна а долуш. Цундела церан бакъонаш ларъяр декхар дина тIедиллина ду церан дай-наношна а, йоллучу юкъараллина а.

Бакъдолчохь амма дуккха а меттигаш нисло, берашна гIелонаш еш а, цаьрца баккхийнарш къиза хуьлуш а, бераша мацалла а, хьагалла а, тIемаш а, шайн хенаца ца богIу хала белхаш бан безар а ловш.

Нохчийн доьзалшкахь цIахь а, арахь а уггаре а баккхий сатийсамаш шайца боьзна а, уггаре а боккха тидам шайна тIехь латтош а, доцуш ца мегаш дукхадезаш а хуьлуш ду бераш.

Цхьадолчу дас-нанас уьш шогаллехь кхиадахь а, царна цхьаццаболчу доьзалшкахь тухуш я уьш дера човхош нислахь а, амма цхьа а доьзалан да я нана къера хир дацара шена шен доьзалхо, олуш ма хиллара, шен сил а дукха ца деза бохучунна.

Къаьстина нанойх хьакхалуш ду и хIума – берах ца къастархьама ша вуьшта ловр доцурш ловш хуьлу хийла зудчо, бохуш дийцира Маршо Радионе деа беран нана йолчу Гадуева Зинас.

"Ца лолвш хIун ду нохчийн зудчо! Оцу берах ца яла гIерташ марзхойн хало а лов, цIийнден хало а лов, иза наркоман велахь а, молуш велахь а, болх беш вацахь а. Болх ца хилча, да-м суна болх ца карабо, олий паргIат волу, ткъа нана ца йолу шен беран рицкъ ца лехча, базар йолий а, мичча а йоьдий а", - бохуш, дуьйцу берийн нанас.

Нагахь санна, Нохчийчохь берийн кхетам-кхиоран болх доллучу декъехь а дегахь-ненехь а долуш, цара шайн берашна Iуналла дар башха Iедал юккъе ца гIерташ дуьсуш делахь, кхин хьал ду берийн бакъонаш лакхарчу тIегIанна тIе яьхначу Европехь.

Беран тохар а, ур-аттала цуьнан сийдоъучу, цунна синан чов хуьлучу агIор иза човхон а ца магадо Малхбузехь. И бахьана долуш дукха цакхетамаш а, бохамаш а хуьлу нохчийн доьзалшкахь, берана тоьхна гучудалар я цуьнан бакъонаш Iедална доьзалехь кхоччуш Iалаш ца йо аьлла хетар бахьана долуш.

"Ца дезаш ца тухий цу берана-м" бохуш долу вайнахалахь даьржина хIума Австрехь, масала, чекх ца долу, цигахь нохчийн зударшца болх беш йолчу Товсултанова Луизас дийцарехь.

"Нохчийн доьзалшкахь бераш вуно мехала а, чIогIа дукхадезаш а хуьлу. Царел деза хIуммаъ дац вайн. Делахь а, уьш кхетор цхьа ша-тайпа ду вайн.

Масала, вай бере «дIавала, ас вуьйр ву хьо» алар я «дIавала, ас еттар ю хьуна» алар цхьа а башха хIума ларлуш дац. Ткъа кхузахь иза кхечу агIор тIеоьцу, иза магийна дац. Цундела и хIума кхузахь муха ду а хьовсуш, Iама а Iемаш, вайн бераш вайн мел деза а, царел дезох вайн хIуммаъ доцийла а, вай кхуза уьш бахьана долуш даьхкина дуйла а гойтуш хIума дан дезара вай", - аьлла, тIечIагIдира Луизас а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG