ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Салам далар динца догIу я керла юкъаяьлла мода?


ХIинццалц "Де дика дойла", "Марша вогIийла" баьхнехь а, тахана даьржина саламаш далар: кIанта дега, зудчо ша санначу зудчуьнга, хIусамдас хIусамнене...

Дуккха а, кхин долу ламасташ санна вовшашка маршалла хаттаран ламаст хийцалуш догIу нохчашна юккъехь. Нагахь санна ворхIе а дайшкара схьа дуьхьал кхеттачу вовза-везачуьнга «марша йогIийла» я «марша вогIийла», «де дика дойла» я «суьйре дика йойла» аьлла, маршалла хоттуш хиллехь, тIаьхьарчу хенахь цуьнан метта вовшашка саламаш далар даьржаш ду халкъалахь.

Хьалха оьзда лоруш дацара жимчо воккхачуьнга салам далар, жимчо де дика дарца хоттуш дара маршалла. Иштта къоман гIиллакхца ца догIуш дара кIанта дега я вашас веше салам далар.

Къаьстина тамашийна ду лерсина зударша вовшашка салам далар я цара и саламаш божаршка далар.

Социалан машанашкахь а, юкъараллехь а дукха къийсамаш кхоллало и керла ламаст бахьана долуш. Цуьнан дуьхьалончаш салам къонахчо къонахчуьнга луш ду олу. Ткъа цуьнан агIончаша гуглан гIоьнца КъурIан чуьра аяташ а, Пайхамаран, Делан салам хуьйла цунна, хьадисаш дахкадо, салам далар тIедожош ду бохуш.

Иттех шо ду ша зударшка салам дала а, шега делча схьаэца а йолаелла бохуш дуьйцу Германехь ехачу Шовхалова Эсилас. Цу хенахь цу керлачу Iадатна резабоцурш алсамох бара нохчашлахь хIинцачул а боху цо.

"Исс-итт шо хьалха со дуьххьара аяташ а, суранаш а, хьадисаш а доьшуш, бусалба дин Iамо йолаелча, цигахь хиира суна и саламаш дала дезаш а, схьаделча дерзон дезаш а дуйла. ХIетахь цу хIуманна дуьхьал берш дукха бара. ХIинца-м жима а, воккха а салам луш ву. Суна схьахетарехь, нохчашна юккъехь иза даьржина даьлла моьттуш ю со".

Эсилин зеделлачуьнца, тIаьхь-тIаьхьа зударшлахь а, зударшний, божаршний юккъехь а "де дика", "суьйре дика" ярна метта я "марша догIийла", "марша Iойла" аларна метта саламаш далар емал деш берш кIезиг белахь а, амма и керла ламаст хийра хеташ а, иза нохчийн гIиллакхашца ца догIуш хетарш а шортта бу.

Ша кхеташ яц цу хIумнах, зударша божарша санна саламаш далар а, кIанто дега салам далар а шена мода хета бохуш дийцира Маршо Радионе Голландехь ехачу Чагараева Розас.

"ХIинца айса хIара иштта аьлча сайн нийса хир ду-дац ца хаьа суна. Амма суна цхьа тамашийна хета-кх зудчо зудчуьнга салам далар. Цхьа боьршачу стаго иза луш санна хета суна. Вайна юкъехь зударшна саламаш луш а дацара, дас кIанте салам луш а дацара.

ХIинца уьш массара луш ду, схьа ца эцча юха хьо динца лелаш йоцуш а, иман доцуш а йо. Хьуьжарехь КъурIан Iамо оьхуш яра со, цига схьа мел йогIу зуда, къена а, къона а салам луш яра. Суна «де дика дойла», «марша догIийла» бохуш дерш вайн къамаца а, вайн маттаца а догIуш хета. И саламаш далар суна цхьа мода санна хIума хета-кх"

Нохчийн юкъараллехь тIаьххьарчу ткъех шарахь хиллачу хийцамех цхьаъ бу вовшашка маршалла хаттаран кеп хийцалуш схьайогIуш хилар.

Иза дика ду я во ду бохург хIораммо а ша шена туда дезаш ду. Делахь а, и ламаст хийца луш хиларо дуккхаъ таронаш ло, адамашлахь марзо яржарна метта, мелхо а, гамо а, вовшашна цIераш техкар даржорна.

Iарбойх тарбала гIертарш лору цу керлачу ламастан дуьхьалончаш саламаш лучу зударшна, ткъа вукхара и салам зударшка далар къобал ца деш берш иманаш доцу, бусалба динца гамо ерш санна лору.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG