Шинарин дийнахь Венерчу кхелехь дIаяьхьанчу процессехь бехкебечийн гIентахь Iаш йолу йоI 16 шо долуш елахь а, амма тIехьажарехь хIинца а беран сибатехь яра, 13 -14 шо бен шена лур доцуш.
Байначу баттахь 22 шо долу Венера цхьа жима зуда ен гIортарна кхеле озийна йолчу нохчийн кхиазхочо, кхелахочун хеттаршна жоьпаш луш дийцира, ша и талор муха, хIунда дира а, шен дахар муха дара а, ша стенга сатуьйсура а.
Шеца хуьлуш долчунах кхоьруш, егайора иза доллучу дегIаца, дегош дара цуьнан аз. Цуьнан сибат а, цо дина бохуш талламхойн материалашкахь яздинарг а, прокуроро кхелехь дийцинарг а цхьаьна ца догIу. Ткъа динарг иштта ду.
БIаьстенан дийнахь паркерчу гIентахь агIор а яьлла, малхах марзо а оьцуш, телефонехула къамел деш йолчу шена цкъа а гина а, евзаш а йоцучу университетан студент йолчу австрихочунна тIе а яхана, урс диттинера цо. Белшех а, некъан ун тIе а, пехех а кхеташ.
Юха и зуда мохь хьоькхуш, Iенаш цIий а долуш едча, ирах дахийтина урс а долуш цунна тIаьхьаиддера йоI, прокуроро дийцарехь. Дийна йисар тамаша а болуш, сихонца лоьрийн орца кхачарна яла ца леш йиснера цо тIелатар дина къона зуда.
Ша и талор динчул тIаьхьа шен ишколе юха яхнера и йоI, полисхошка ша лацийтархьама шен кехаташ чохь долу тIоьрмиг паркехь а битина. Ишколан директоре ша динарг дIа а дийцинера цо.
Полисхошка шега цу зудчо шен коьртара хиджаб бахьана долуш кхардаме хIума элира, цундела диттира ша цунна урс аьллера цо хIетахь, ша лаьцначу дийнахь. Амма хIинца кхелехь цо мукIарло дира, ша милла а вийна а цхьаъ вен лууш яра я цхьаннан чевнаш ян, аьлла.
Бахьана – доьзалехь ненаца даима а шен дуьйлуш долчу девнех набахте кхаьчна а кIелхьараялархьама.
Цу йоьIан адвокато Маер Рудолфа дийцира кхеле, шерашкахь цуьнан ден-ненан вовшашца девнаш а, скандалаш а хилла, бохуш. Цул тIаьхьа эххар а мар-зудий дIасакъаьстинчул тIаьхьа шен дена чIогIа тIера йолу кхиазхо цуьнца Iен лууш хилла, иза волчу яхана масех де а даьккхина цо, ткъа нанас и бахьана долуш хьо шена ямарт ю, хьо Дала шена дина таIзар ду, бохуш даима а аьшнаш еш хилла и йоI.
Цо мел боккхучу когана тIехь терго еш а, даима а цунах сакхташ дохуш а, цунах кест-кеста леташ а хилла нана, адвокато чIагIдарехь. Иза дерриге а шена чохь къуьйлуш хилла кхиина догIучу зудберо, йозанашкахь ша шега дийцар бен цхьаннах дагаяла я дагар дийца а ца хIуттуш. Ткъа цхьана дийнахь иштта шена чохь IаIийна йолу оьгIазло а, вас а хийрачу зудчунна тIеясйина цо.
Муха болх бан йиш ю аренца кхуьучу нохчийн зудберашца а, божаберашца а, уьш кийрахь бала а боцуш, шайгахь цхьа сингаттам хилча я Iедалера а, шайн къомахчу нахера а шайна бехкбилларах кхера а ца дезаш цаьрга дагар дийцита а, царна гIортораш кховдон а?
И хаттар Австрерчу нохчийн диаспорехь дийцаре деш долу дуккхаъ хан ю. Цу Iалашонца меттигерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташонехь кхоьллина лерина Зударийн Кхеташо а ю. Социалан белхахо Мержоева Эльза ю цу Кхеташонан куьйгалхо. Маршо Радионе цо дийцира, Европехь кхуьуш долу нохчийн бераш дукхачу хьелашкахь вуно цхье хуьлу, бохуш.
"Европехь кхуьуш долчу берийн шайн дагар дийца а, самукъа дала а кIеззиг аьттонаш бу. ЦIахь-м гергарчу нахана юккъехь хьалакхуьу бер, ткъа кхузахь даима а чохь дохкуш хуьлу и бераш. Ишколе дахар, цигара чудар, чудеъча цIахь бан болх бар я гIуллакх дар, я телефон чу хьажар. Да-нана а телефон чохь хуьлу, бераш а телефон чохь хуьлу. Ткъа да-нана чIогIа сема хила деза шайн берана, иза самукъне ду я саготта ду, цуьнан хIун проблемаш ю даима а хьожуш хила деза да-нана", - аьлла дийцира Эльзас.
Цо дийцарехь, дуккхаъ зударий бу Венехь къоначу зудберашца болх бан лаам болуш а, царна гIо-накъосталла дан аьттонаш болуш а. Австрехь мел кхуьучу вайнехан берашна тIекхача церан аьтто бацахь а, амма ишколашкахь а, берийн бошмашкахь а, берашна Iуналла даран хьукматехь а вайнехан берашца доьзна долчунна сема а, гIо-накъосталла лаца а кийча бу уьш.
Цу юкъана Венерчу кхелехь адам ден гIортарна бехке ечу нохчийн йоIан кхолламах дерг къасточу хенахь, ша урс диттинчуьнга шена къинтIера ялар доьху ша элира кхиазхочо, ша чIогIа дохкояьлла ша динчунах аьлла.
4 шо набахтехь яккха хан кхайкхира кхелахочо Герсбергер Норберта. Австрин низамашца цу тайпанчу зуламна 15 шаре кхаччалца хан тоха йиш йоллушехь.
Амма кхело тидаме ийцира, и йоI жима хилар а, иза дохкояьлла хилар а, ткъа иштта цуьнан дахарехь чолхе хьал хилла хилар а.