Дуккха а масалш ду лоьраша шайн декхарш, биъна дуй къар ца беш, кхочушдаран метта, лазархойн терго ледара йина а, церан бехкенна бохамаш бевлла а.
Цунна къеггина масал дара лоьрийн ледарлонна Хьалха-Мартана кIоштерчу Такалаева Хедин йоьIах заьIапхо хилар а, и гIуллакх Iедалан уггар лакхарчу тIегIана дIакхаччалц харц дарба лелийна лор балхара йохийна цахилар а.
Цу могIарера гIалаташ дийлийтар, де эшначух кIезиг доглазар лоьрашкара юкъ-кара гучудуьйлуш латтарна, церан хьокъехь гIарбаьккхина кхиаме хьаам а шеконца тIеоьцу дукха хьолехь бахархоша.
Царех лара богIу, схьахетарехь, лоьрийн само-говзаллица доьзна кхушарахь махкахь берийн баларш эзарна юкъахь 8.7 гайтаме лахбелла бохург.
Хьалха эзарна юкъахь 20-21 хIинцца дина бер леш хилар хьесапе эцча и гайтам сел бIаьрла хийцабалар хьелаш-билламаш тобарца а, наной хила безачу зударшца дIахьуш болу кхеторан, кхиоран болх марсабаккхарца а, оборудовани олу гIирс-коьчалла хилийтарца а дузу Теркйист кIоштехь участкови олучу цхьана дарбанан цIийнан коьрта лор волчу Баскариев Хизара.
ХIинцца дуьнентIе девллачу берийн баларш лахдаларан уггар коьрта бахьана ду, цунна хетарехь, роддом олу берийн хIусам, тоьлла лоьраш дIа а гулбина, кIоштехь цхьана меттехь хилийтар а. Цунна хетарехь ондда бух болуш ду кегийчу берашлахь баларш лахдалар.
"Бух болуш ду, дера ду. Цкъа делахь хьалха хьелаш кхачо йолуш дацара. Бераш дарехь махкахь уггаре лакхарчех гайтам а бара. Роддомаш олу берийн хIусамаш хIора а бохург санна дарбанан цIийнехь яра. ХIинца и дац. ХIинца, масала, кIоштехь ишта пхьора болу зударий чубийшош коьрта цхьа хIусам ю. Лоьраш хьовсар а ду лакхарчу тIегIанахь", - аьлла, дийира лоьро Баскариев Хизара.
Иштта цо бахарехь, гIирс-коьчалла а алсамбаьккхина. Бер дуьнентIе долуш бохам ца хилийта а, дуьнентIе даьлча массо агIор цуьнан могушалла толлуш зераш дар, айпе хIума ду дац хьовсуш, дерриге а хIинца хаъал битаме далийна ду. Цул сов, элира цо, Iедал а юкъа а доьлла, юртдайша а, молланаша а, низамхоша а дакъалоцу доьзалхочух йолу зуда, раж лар а еш, шен хенна лоьрашна хаьлха хIотторехь.
Соьлж-ГIалин 5-чу лазарнехь къона лор ю Магамедова Аминат. Тодина белха хьелаш а, схьаоьзна гIирс-коьчалла а доцуш, берийн баларш хьалха санна дукха цахилар цо дузу, бала кхачар алсам а доккхуш, лоьраша шайн белхан эвсаралла лакхаяккхарца а.
"Суна бакъ хета берашлахь баларш кIезиг хилар. Айса болх бечу 5-чу лазартнех эр ду ас. Кху шарахь суна а хууш тхан кхузахь ишта бохам хилла бац. Лоьрех доьзна а ма ду дукха.Тхан коьртачу лоьро хIун до? Тахана цхьа зуда лоьра тIе цIа еънехь, цуо цу сохьта машен а хьажайой схьаялайойту нана хила езарг, толлуьйту цаяр бахьана. Кхечанхьа хIун ду-м ца хаьа, кхузахь цу декъехь дика низам ду хIоттийна. Массарна а и тан а тов-кх", - бохуш, резахиларца дийцира шайн хIусамера хьал Магомедова Амината.
Ахкаме ваьлча гучудолург а, могIарерчу бахархошна луург а дара, дикачу агIор хуьйцуш, тодеш долу берашна а, церан наношна а лело лоьралла санна, хийца догIура хенарчу лазархойн терго яр а, царах цIархазмана а доцуш къинхетаме доглазар а, лоьран корматалла караерзийча, байIат деш, дуйца йина чIагIо ларьяр а.