ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кавказхой шайн пачхьалкхе чу буьтуш цахилар харцдина Гуьржийчоьно


Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн пресс- гIуллакххоша бакъ ца дина, шайн пачхьалкхе Къилбаседа Кавказера бахархой чубуьтуш бац аьлла, яржийна информаци.

«Кавказ.Реалиига» бинчу хаамашца, Лакхара Ларс олучу пунктерчу дозанхоша хьалха санначу рожехь, низамца беш бу шайн болх, чувогIург, араволург талла а толлуш.

"Кху деношкахь Тбилисехь хиллачу спецоперацица доьзна а пачхьалкхе оьхучу хьешашна дуьхьал цхьа а кепара хийцамаш бац дозанехь беш", - аьлла оцу урхаллан прессано.

Маршо Радионо яздира, «Кавказан узел» агенталлан информацица, Гуьржийчу Дагестанера а, Нохчийчуьра а бахархой буьтуш цахиларх гуьржийн дозанхоша.

Дукха хан йоццуш Тбилисехь дIаяьхьнау леринчу тIеман операцица доьзнера и хьал бахархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG