1998-чу шарахь дуьйна даймахкахь иккхинчу тIамах едда цкъа ГIалгIайчу, цигара дIа шен хIусамдеца Полше, цул тIаьхьа Норвеги кхечира, схьаялар Бумтара а долуш, Соьлж-ГIалахь яьхна Масарова Танзила. Оцу йоккхачу пачхьалкхехь тховкIело а елира цунна а, цуьнан доьзална а.
Полшехь дуьххьара кIант доьзалхо дуьненчу велира церан, Норвегехь хилира кхи а 4 бер. Бераш цхьадерш школе, берийн бошмашка кегийнаш дIа а нисбина, ша а мотт кIорггера Iамо лаам болуш хиларе терра, деша дIа а йолаелла, дахар хорша дирзи аьлла хеттачу хенахь цхьана дийнахь пхеа берех йолу иза.
Пхи шо а ду цо и бала шеца схьабохьу. Маршо Радионо кху кIиран юьххьехь йоццачу шен материалехь бовзийтира Танзилин кхоллам, социалан машанашкахула цо яржийна видео юьхьар а лаьцна.
Тхуна карийра Танзила. Бухера дуьйнна евзира цуьнан проблемаш а, кху пхеа шарахь цо мел тоьхна неI, мел биттина когаш а. Цунна шена а ца хаьа, маца хезар бу "Барневарнана" шен мохь. ХIетте а къар ца луш, муьлхха а бахьанах таса а луш, шен бераш шеца тховкIела дерзо гIерта иза.
Цуьнца хиллачу къамелан дакъа ду хIара.
- Цхьана дийнахь, цхьана хIусамера Iедало лаххьийна 5 бер дIадаккхал, хIун даьллера хьоьгара?
- 2013- гIа шо доладеллачу хьалхарчу баттахь дIадаьхна ду соьгара бераш. Ши полисхо суна тIаьхьа а веана, школе дIайигира со. Бераш бахьана долуш юьгу аьлла, аьттехь а суна дагахь а дацара, хIунда аьлча, социалан белхахой суна чIогIа гIо латтош бара хIетахь.
Сан воккхахволу кIант бахьана долуш дара и. Аутизм йолуш ву сан иза. Бодохь (Норвегин гIала – редакцин билгалдаккхар)йолчу хенахь Iаламат дика хьовсура соьга Iедалан белхахой, кхуза схьаеанчул тIаьхьа кхара цхьана а агIор гIо ца деш, когаш туьйсуш, яла езарг а ца луш, лахь а цхьа кIез-мезиг луш, хьийзадора цара тхо.
- Хьуо полисхоша юьгучу хенахь хIун дара хьан коьртехь?
- ЦIийндегара цхьаъ даьлла хир ду-кх аьлла, яра сан ойла. ДIакхаьчначул тIаьхьа элира соьга, бераш бахьанехь ялийна ю хьо аьлла. ТIаккха а моьтту суна, бераш школехь летта хир ду, юха а, муха, хIорш кхи девне а ма бац дагадогIу суна.
ХIан-хIа, боху цара, шун чохь конфликте ситуаци ю лаьтташ боху йоккхахйолчу йоIа, цундела и хьал бахьанехь нанна хIун дина орца хир дара те бохуш, ойланашкахь ю ша аьлла хьан йоIа.
ГIайгIане а яхана, йоI хиина Iаш гича, цуьнга хаьттина хилла хьехархочо, хьуна хIун хилла, дуьйцучуьнга ла дугIуш а мая ц хьо, аьлла. ТIаккха ишта жоп делла хилла-кх сан йоIа. И бахьана а лоций, цара бераш къайладоху. Школера а, берийн бешара а дIадуьгу цара уьш. Цул тIаьхьа, цу буса а я шолгIачу дийнахь а ца го суна бераш. КхолгIачу дийнахь тIебахкабо суна, маьхьарца, боьлхуш.
- Ян мел хан ю церан хIетахь?
- Уггар жимахйолу шина йоьIан хIетахь, 3 шой ах шой, ши шой ах шой дара сан. ХIинца-м уггар жиманиг а 2-чу классехь доьшуш ю. Жимахйолу ши йоI къаьсттина тIера яра суна, баккхийчарал а. ТIаккха, суна тIедалийна бераш доьлхучу хенахь а, цхьа а къинхетамца эмоци яцара церан.
Кхерамечу хьолехь бераш хилла ца Iа, со а ю, тхо массарна а, цхьаьна а долуш, гIо кхачаде бахарх а, гIуллакх ца хилира. Полисхоша ахь коьртара хьиджаб дIаяккхахь, шаьш гIо дийр ду элира. Ас йоккхур яц, и дIа а яьккхина аш деш долу гIо а ца оьшу сайна элира. Ишта ца боху, шаьш хьо дIа-схьа юьгуш, коьрта тиллинчу чалбанца билгал ю хьо бахара. Цара соьга кхийдо варианташ муха яра яьлча, ас тIелоцур йоцу, вайн гIиллакхашца, динца, Iадаташца хьакхалуш.
ТIаккха эли, дика ду, хьо цIийндех дIа къастахь, шаьш бераш дIалур ду хьоьга.
- ЦIийндех дIакъаста стенна бохура цара? Барт ийгIинера шун? Девнаш лаьттара?
- Тхайн чохь хилларг ма дарра дийца а ца лаьа суна, амма тIаьххьарчу заманчохь и берийн да девне вуьйлуш, деа доцчу бахьанашца коча оьхуш хуьлура. Цуьнца дерг тахана сан дIахаьдда делахь а, иза сан берийн да ву. Берийн дехошца лелош юкъаметтигаш ю сан, сайн доьзалца долчу гIиллакхца а, цунах дерг ма дарра дийца ца лаьа суна.
Доцца аьлча, цо мацах лелийна криминалан гIуллакхаш дара тхуна мерах девлларш. Ас цунна полице арз а ца дича, бераша бохург тIе ца тадича, со цуьнца декъахь ю аьлла хетара царна.
- Танзила. ахь элир-кх, цIийндех хьо дIакъастахь, шаьш бераш юха дIалур ду хьайга элира. ТIаккха цуьнца къаста а ца гIоьртира хьо?
- Дера гIоьртира. Со-м кхеран Iедалца ишта а ма ярий цуьнца къаьстина Iаш. Барт а бина, вовшашца ша-ша дехаш дара тхо. Кхеран низамашца хьо къаьсташ хилча, кехат чу а делла, шарахь шена-шена Iа дезаш хуьлу, юха барт хила а ма тарло шун олу кхара. ЩолгIа шо а доладеллера тхо дIасадевлла. Ас ала ма аьллера. со баккъал а цунах дIакъаста лууш ю, цкъа хьалха сайн деца зIене а яьлла, цуьнах дагаяла езаш ю со, тхайн Iадаташца, дино ма бохху дан дезаш ю со аьлла.
Цул тIаьхьа шун низамаша ма хьоьхху, чекх доккхур ду ас аьлла. Мегар ду, аьлла, цаьрца а барт хиллера сан.
- Хьан цIийнда пачхьалкхера ара а ваьккхича, хьо цуьнца дIа а къаьстича, хьоьца хIун дов дара цара латториг?
- Хьо дика нана а хилла, хьоьга цхьа а претензеш яц шайн бехира цара соьга-м. Ахь берийн психикана тIеIаткъам а беш, хан яккхийтина бахара цара. Шуна юкъахь латта дов берашна гуш, царех хьакхалуш хилла ду. Царна хала ду и лан а. Церан дуьхьа а хьалххе дIакъаста езаш хиллера хьо боху.
Ас боху, со берийн дуьхьа, мухха велахь а, церан да ву-кх иза, бохуш, яьхна сайн цIийндеца. Сайн дахарехь суо а дех хьоьгуш лелла дела. Мухха хиллехь а иза сайна а эшна дела, царна а оьшур ву-кх бохуш. Цу тIе цу берашка цо бохуш хIума а дацара, царна тIе цо я куьг а ца даьхьна, я цо дов а ца дина. Бераш кхетош-кхиор суна тIехь дара даим а, иза чомахь я чохь хуьлуш а вацара.
- Дарий церан тоьшалла аш бершана йиттина?
- Дацара. Дас а, нанас а шиммо а тоьхна берана бохуш, тхо бехке дан гIертара уьш. Тхоьга и тIе лацийта, оха и тIелоцуш ца хилча, тоьхна Iаржъелла меже а ца хилча, я тухуш гина стаг а ца хилча, оха и тIелацар чIогIа оьшура царна.
Ас боху, дера дов дина, човха а бина, амма цкъа а берана тоха ца дезна тхан, хIунда аьлча, берашна тухучу тIе ца долура тхан гIуллакх. Бераш аьлларг деш а ду, дIадуьйцучух кхеташ а ду, цу тIе ца дало ца дезна тхан.
ХIаъ, бераша а боху, хьо дика а ю, ахь тоьхна а яц, да вон ву тхан ненаца боху цара. И бахахь, соьх бераш хIунда къастадо аш аьлча, хIан-хIа, шаьш къастийна дац, юхадерзош болх беш ду шаьш цу тIехь, хьо цIийндех къаьстичхьана.
ХIан, дIа а къаьсти, дуьххьара кхел а хилале. Тоьшаллин кехаташ а дIагайти суьдхошна. ХIетте а боху соьга, шайна бераш хьуна юхадерзо ца лаьа, бераша нанас а туху боху аьлла, и хьалха доккху юха. Цул хьалха аьлла дацара цу тайпаниг.
- И мичара даьлла царна?
- Ас боху, и шуна мичара даьлла. 3 сахьтехь эха сахьтехь видео ю цара сан йоIаца яьккхина. Цу тIехь схьагуш ду, сайн йоIе цхьа хаттар ду цара луш дерг юх-юха, хьуна нанас туьйхирий, хьуна нанас туьйхирий? Хьанна а гуш ду цу тIехь, сан йоIера цхьаъ даккха гIерташ лелош хIума дуйла. Эххар а хьала а хьаьжна олу цо, а-а-а-а, тоьхна хила а мега..
ХIинццал ца хилла бух шайна бан гIерташ, даьккхина цара и бахьана йоIера. 6 баттахь листина даьлла хила деза гIуллакх, кхаа шарахь литтира цара. Кхи цхьа а тоьшаллаш ма дацара церан. Школера, тхо даьхначу меттигашкара, берийн бешара, миччара а схьакхочу жоп дикачу агIор хилара. Цу тIехь дIакъовлу цара и гIуллакх. Юха дена тIехь кхел а йой, стохка депорт йо цара цунна Оьрсийчу.
- Интернетехь ахь яьккхина хьайн кIантаца яржийна видео. И хIун Iалашо йолуш яьккхина ахь?
- Цу дийнахь тIаьхьабаьхна нах а боцуш, дуьххьара веанера сан кIант ИбрехIим со йолчу. Иза дIавига цхьа 15 минот йисинчу хенахь дара и. Вокзале схьаян езаш яра и зуда, цуьнан шолгIа нана. ЦIеххьана, со саца а еш, соьга хоьтту сан кIанта, мама, хьуна хьуо Iаш хазахета? Дера ца хета, боху ас, ас шуна мел чIогIа са гатдо, мама йоьлхуш ма Iа шу дагаоьхуш, шуна сагатдеш. Суна мел хала ду хаьий хьуна, боху ас. Амма шуна цигахь дика хета боху социалан белхахоша, шуна ца лаьа боху со йолчу дахка а, кхеле а уьш ца хIиттш Iаш ма ю со, шуна дика хилчхьана бохуш.
Шена-м дац цигахь дика боху соьга кIанта. Ас мелхо а хьоца Iен лаьа ма аьлла. Бакъдерг аьлча, со хIинца вехачу ХIеленагIеран хIусаме сих-сиха хьошалгIа ваха лаьара суна боху-кх. Ахь дуьйцург а, цара дуьйцург а шалхадолу, аьлла, ойла хилира сан видео яккхха и дерриге а ИбрехIиме дийца а дуьйцуьйтуш.
Цо мегар ду а аьлла, иза реза а волуш, дIаязйина ю ас. Оршотдийнвхь юха а школе а яхана, кхи а тIе хеттарш а деш, юха а яьккхина ас видео.
-ХIунда?
- Дуьххьара яьккхинчунна тIехь мел а ийзалуш вара иза, цундела юха яккха лиира суна.
- Оцу видеоша хьайна жимма а гIо дийр ду аьлла хета хьуна?
- И видео яьккхинчул тIаьхьа а ас берийн Iуналла дечу оцу хьукматерчу белхахочуьнга кехат яздира, тIаккха цо хан а хIоттийна со а, нохчийн диаспорера Лоьма а тхойшиъ цхьаний цига тIе дахана дара еаридийнахь. Шайн ма хуьллу цо дийцинарг бакъ ца дан гIертара уьш, хьуна томана аьлла цо бохуш. Ас боху, соьгахь вон ду аьлла дIадаьхна ма ду аш соьгара бераш, царна диканиг хилийтархьама. ХIинца оцу беро шена цIа ваха лаьа бохуш хилча, хIинца царна луург дан хIунда ца хьовсу шу?
- Видео гинчул тIаьхьа барий церан аьтто бераш хьуна схьадала?
- Алкоголикера я наркоманера бераш схьадаьхнехь, нагахь цара шаьш дарба а лелийна, шайна гIоле хилла аьлла, кехат деача, декхаре ма бу уьш Iедалан низамашца, и бераш цунна юха дерзо болх бан элира ас. Соьгара даьлла хIума а ма дац. Берашца сан цхьанакхетарна дозанаш а тоьхна, аш берийн дегнаш дохийна. Тахана, пхи шо даьллачу хенахь, бераш цомгуш ду а боху аш. Оцу берийн гучу мел даьлла лазарш тхоьца а болуш хилла ала гIерта уьш. Ас боху, тхоьца а болуш и лазарш кхеттехь, школехь лоьраш бу, психологаш бу, хьехархой бу, цара хIунда тIе ца чIагIдира и хьалхо?
- Берашца ишта хила, вуьшта хила, и ма ала. ХIара ала, бохуш, бехкамаш-м ца бо хьуна?
- Дера бо. ХIинца со хьастагIа школе а хIунда яхана боху соьга. Бераш деха меттиг аш суна схьайиллина ю, тIаккха мичча хенахь а тIеяха йиш ю сан ма аьлла аш, боху ас, сайн бакъонца лелла -кх со, суо нана хиларе терра.
Ахь берашка, са ма гатде, цигахь дика ду шуна, цигахь Iе ала дезаш дара боху. Ас эр дац боху ас, суна хьо ца оьшу, цигахь дика хир ду хуна, цаьргахь Iе ас баьхча, бераш ас лазор дац и.
- Бераш цхьана доьзалехь, цхьана хIусамехь буй хьан?
- Бац, воккхахверг ша цхьаъ ву, Сабира а, ИбрехIим а цхьана ду, Аминий, Сумайи цхьана ю.
- Даймахкара ара маца девлла шу?
- 1998-чу шарахь Нохчийчохь тIемаш боьлхуш тхайн гергарчаьрца ГIалгIайчу дIадахара тхо. Цигара дIа 2002-чу шарахь кху берийн дега маре а еара со. Цул тIаьхьа пхи бутт баьлча Полше дIадахара тхо.
Воккхахволу доьзалхо а цигахь дуьненчу ваьлла ву сан. Важа диъ бер Норвегехь дина ду.
Полшехь башха дукха ца Iийра тхо. Норвеге дехьадевлча, юьхьанца Бодо олучу гIалахь цхьа шо хан яьккхира оха, кехат даларе а хьоьжуш.
Сан жимахволчу кIантана астма гучуелира цу гIалахь. И климат ца лара цо, кехаташ каракхаьчначул тIаьхьа Къилберчу Драммен гIала охьадаьхкира тхо оцу кIентан дуьхьа
- Драмменехь уггар шуан цатайнарг хIун дара?
- Масала, тхо Бодохь Iачу хенахь берашна мотт шарбалийта аьлла, хьошалгIа эха чохь бераш а долуш хIусамаш а еллера тхуна. Ткъа къуза схьадаьхкича студенташ бара суна схьаоьхуьйтуш, цкъа а бер хилла а боцу. Ас сайна уьш ца оьшу аьлла, дIатеттинера. ТIаккха социалан белхахоша тергоне эца дезий, оха цунна гIоьнна нах беллера, цо тIе ца эцна уьш аьлла. Амма кхи дIа болх ца бира цара, сан берашна керла доьзалш лохуш. Чохь Iен хIусам а елла тхо даха охаьхоьвжича, тхан бераш школе, берийн беша дIа а нисдина, со деша а йолаелла, аттачу даьлла тхан дахар аьлла суна ма хийтти, эццахь галдала доладелира тхан гIуллакх.
- Бераша тахана гар муха хуьлу хьан, цара хIоттийначу ражца я хьуна ма лиъи?
- ТIаьххьара байначу беттан 2-чу дийнахь гина суна бераш. Цул хьалха бутт хьалха а гина дара тхо. ТIехIиттина социалан хьукматашкара нах а боцуш гар хилира тхан дуьххьара. Амма бара тхоьца тахана бераш дехачу хIусамашкара, уьш тIелаьцна шолгIа наной эр ду-кх вай.
ХIинца тхан еаридийнхаь хиллачу къамелехь, тIейогIучу хенахь ИбрехIиман соьца юкъаметтиг кхи дIа муха хуьлу а хьаьжна, дикачу агIор цхьанакхетарш дIадолхахь, ИбрехIим со йолчу буьйса яккха а воуьйтур ву шаьш аьлла цара. Сан берех и цхьаъ воуьйтур ву аьлла.
- Хьайн берашца хьуо цхьанакхетча муха хета хьуна: хьалха санна марзонца хьуна тIехьерчаш хуьлу уьш, я мел а хиэро йоьлла шуна юккъе?
- Цхьа а хиэро а ца йоьлла. Бакъдерг дийцича, хIара сан жимахйолу ши йоI оцу шайн керлачу хIусамашкара дай-наной юххехь хилча мел а къаьхкана хуьлу, амма бераш схьа а далийна, уьш дIабахча, тIаккха схьаийна хуьлу соьца. Чохь цаьрга цхьаъ дуьйцуш санна хета суна. Царна томана, соьца шело а латтош. Уьш дIабахча, соьца маьрша бовлу дела.
- Мел хенаш ю хьан берийн?
- Воккхачун 14 шо ду. ШолгIачу йоьIан 13 шо, кхолгIачун 11 шо, жимахйолчу шина йоьIан, цхьанна 8, вукхуьнан 7 шераш ду-кх.
- Массанхьа а къаьсттина йийцарейо Норвегера "Барневарн", бераш дукха схьадахарца. Нохчашкара доху цара и бераш я шайн пачхьалкхан бахархошкара а, кхечаьрга а доху-те?
- Дера доху масаьргара а. Цхьа нохчий хилла ца Iа, цара бераш схьадохуш. Берийн дуьхьа лелош хIуммаъ ма дац цигахь, ма дарра аьлча. Йоккха коррупци ю оцу "Барневарн" организацино лелорийг. Цигахь хIун ду хьуна аьлча, тIаьххьарчу 7 шерачохь къаьсттина. ХIинца еанчу партино 100 эзар стеган белхан меттигаш жимъйинера. Болх боцуш хьо висича уггар дика вариант муьлха ю кхузахь, ахь бераш хьайн доьзале кхаба эцар.
- И бизнес ю юохург ду и?
- Гой хьуна, "Барневарнан" а, доьзалшка эца бераш лоьхучу базан юкъаметтигаш ю, уьш цхьана болх беш бу, царна пайден а ду и. Масала, тахана со нана ю, сан доьзална гIо латтош кхи доьзал белахь, хуьлийла и психолигин я ахчанца гIо, оцу берийн Iуналла дечу хьукматан белхахошна цхьана сахьтехь 750 крон бен ца ло, 75 евро хуьлу иза таханлерачу курсаца.
Нагахь соьгара и бер дIа а даьккхина, цкъа ханна цхьана доьзале луш, тIаккха гуттаренна кхечаьрга кховдош, хIора кхо бутт мел бели цаьрга хьошалгIа а оьхуш, дийнахь 1.200 евро ахча ло.
Соьгара бераш дIадаьхначу шарахь 1000 евро бен дацара и, хIинца 12 эзар крон ло. Иштта ахчанаш дохуш Iаш бу уьш. Шаьш норгаша а ма боху и. И коррупци ю, коррупци ю, коррупци ю.
- Цхьана доьзалера берех мах бу и хIоттийнарг?
- Бац. Ас дуьйцу ахча цхьа бер схьадаьккхича луш дерг ду, ткъа соьгара пхи бер дIадаьккхинчу буса Сомалера цхьана доьзалера а ма даьккхина цара 7 бер. Соьца школехь йолчу овхIанхочуьнгара а яьккхира цара ши йоI дIа. Цхьана буьйсанна 17 бер дIадаьккхина. Итт берах а кхочу царна 12 эзар евро.
- Нагахь балхара цхьана бахьанашца хьо юкъара ялахь?
- Нагахь санна со болх беш ю, со цомгуш хилла балхара чохь соций, суна Iедало луш дерг 40-60 процент бен дац, сан доьзална тIедогIучу рицкъе хьожжий. Кхеран муха ду, нехан бераш доьзалехь кхобуш белахь, цкъа делахь, дех я ненах цхьаъ бераш лело чохь Iен везаш ву низамца.
ХIетте а чохь сецначунна балха тIехь хIоттийна алапа дерриг а дIакхачадо царна. Шайн бахархошка маьршша кредит а оьцуьйту, нагахь и кредит такха цуьнан аьтто бацахь, социалан хьукмато я пачхьалкхо гIо лоцу. Машен яцахь машен оьцуьйту, машен лело бакъо яцахь, бакъо йоккхуьйту. Сан бераш лелош болу зударий шайн чохь бехаш бу, теттина ахча а оьцуш.
- Тахана стенна тIехь лаьтташ ду хьан гIуллакх? Мел дегайовхо ю, бераш хьайн хIусаме чудерзалур ду аьлла.
- Еаридийнахь сан Iедалан белхахошца хиллачу цхьанакхетаре ладоьгIча, тахана тхан хилла къамелан ойла а йича, цара шаьш бераш суна схьадерзо некъаш лоьхуш бу-м боху, амма суна геш дерг кхи ду.
Со кхеташ яц, кхарна дуьхьал кхи ас мила ваккха веза. Ялх адвокат хилла сан, уьш цхьа а цаьрца тоьлла вац. Кхелахой а цаьргахьа бу, цхьа Делан къинхетам хьалха а баьлла, цхьаъ ца хилахь, хIара дича, важа дича сан гIуллакх хир ду аьлла, схьалаца сан -м дац хIуммаъ.