Германин Малхбузехь кхуьучу нохчийн берашна шайн ненан мотт биц ца балийта Хаджиева Зараа кьахьоьгуш долу масийта шо а ду. Цкъа хьалха лерина кхечу гIала а оьхуш, цигахь, Фирзенехь нохчийн берашна мотт Iамон ишкол лелийра цо. Цул тIаьхьа ша ехачу Оберхаузен гIалахь изза болх беш ю иза, шен мукъа хан а, ницкъаш а нохчийн мотт берашна биц ца баларна а хьажош.
Ишколе хIинца дуьйладелчарна тIера лакхарчу классашкарчу дешархошна тIекхаччалц хенаш йолуш ду Зараа Iамош долу бераш. Дуккхаъ ду царна юккъехь дайша-наноша кхечу гIаланашкара, иттанашкахь чакхармаш некъ а беш, схьакхуьйлуш дерш а.
Цу берийн ненан мотт хаарца долу хьал бен-бен ду, цундела лерина ша программаш вовшах а тухуш, башхачу хьесапехь Iамон безаш хуьлу шен мотт бохуш дийцира Хаджиева Зараъс Маршо Радионе: "ЦIахь йолчу программица кхузахь берашна мотт Iамор нисдойла дац. Амма ас цу цIахь вайн ишколийн хьалхарчу классашна ара мел хоьцу литература а оьцуш, цунах пайда оьцу. Цул совнаха, массо а вайн маттахь арадовлуш долчу журналех а пайда оьцу".
Берашна шайн маттаца цхьаьна шайн къоман дIадаьлларг Iамадо Хаджиевас. Нохчийн истори а, исбаьхьалла а, литература а йийцаре йо шаьш боху цо: "ХIинца, масала, берашка рефераташ кечйойту ас. Цхьаммо Шейх Мансурах еш ю иза, вукхо Авторханов Iабдурахманах, кхин цхьаммо Ермоловх. Масех поэт а ву сан цу юккъехь, художник Захаров Петр а ву".
Хьахийна ма хиллара, луларчу гIаланашкара а тIаьхьа бераш догIу Хаджиеван ишколе. Дюссельдорфера шен виъ доьзалхо нохчийн мотт Iамон цига кхуьйлуш ву Iусман цIе йолчу дас. Цо шена чIогIа мехала хета бохуш дийцира, берашна иштта ненан мотт Iамон меттиг Хаджиевас Iалашйина хилар: "Берашна шайн ненан мотт бицлахь кхана лам вайн къам хиллане а хир а дуй? Цаьрга шайн мотт биц ца байта дуьгу ас бераш цига.
Цигахь царна хаза шера мотт бийца а Iема, керла дешнаш а Iема, суна сайна а Iема и ишкол бахьана долуш керла нохчийн дешнаш. И меттиг йолуш чIогIа дика а хета суна, генахь яцахь цига шайн бераш дуьгур долуш кхин а дуккхаъ дай-наной а бара".
Аренца бехачу нохчийн дай-наноша хан мел йолу а шайн а, шайн берийн а нохчийн маттаца йолу уьйр тесна юьтуш санна хета шена бохуш дуьйцу Хаджиевас. Цунна хетарехь, къоман гIиллакх-оьзденгалла берашка церан ненан маттехула кхочуш ду, цундела а ду и мотт дика Iамор мехала: "Шераш дукха мел долу а цхьаццаболчу дай-наной оцу нохчийн маттаца а, нохчийн кхетамца а болу уьйр-безам мелла а шелбеллий-те аьлла хета суна.
Масала, ишколехь кегийчу бераша шайна керла Iемина хIума сихха гайта а гIерташ, цунах самукъа а долуш, болх бо оха. Ткъа цIа а бахана, юха кIирнахь уьш схьабаьхкича, цара цIахь болх бина ца карбо суна. Оцу дай-нанас маттаца дIалуш ма ду берашна къоман оьзденгалла а, гIиллакхаш а. И зIе хада а ца хедаш, чохь дуьйна и мотт Iамор дIахьош хилча дика хир дара-кх".