ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Урдунерчу кинфовестивалехь гойтуш ю нохчийн кино


Кху деношкахь Урдунехь дIахьош ю Дуьненаюкъарчу Karama Human Rights Film фестивал. Иттанаш пачхьалкхашкара исбаьхьаллин а, документалан а филмаш а ю цигахь хьовсархойн тидаме ехкина. Церан юкъара тема ю адамийн бакъонаш а, къаьмнийн юкъара мехаллаш а ларъяр.

Белгехь бехачу нохчийн кегирхойн тобано яьккхина "Тоьпан йилбазмохь" цIе йолу исбаьхьаллин филм къастийнера фестивалан жюрино масех бутт хьалха шайн къовсаман коьртачу программин декъа. Филман режиссеро Загаев Мовсара Маршо Радион корреспонденте бинчу хаамца, пIераскан сарахь дуккхаъ нохчий бехачу Сувейл олучу Амманан кIоштарчу кинотеатрехь гойтуш ю иза.

"Тоьпан йилбазмохь" филмехь дийцаре деш ду къонахийн доттагIалла а, ткъа иштта, нохчийн чIир екхаран а, чIир хьаьрчина волу стаг витаран а Iадаташ а. Еврочеченс тобан декъашхо волчу режиссеран Загаев Мовсаран дуьххьара болх бу иза.

Даханчу шарахь цхьа а профессионале артист декъа а ца валош, беккъа шен а, шен накъостийн а ницкъаца яьккхина ю цо и филм. Массо а къамелаш нохчийн маттахь дечу цу лентехь турпалхойн къамелаш ингалс маттахь субтитрашца гочдина ду.

Урдунера кинофестивал дIайирзинчул тIаьхьа Францин коьртачу шахьарахь Парижехь шайн филм гайта кечлуш бу цуьнан авторш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG