ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европерчу пачхьалкхашкахь Палестинехьа гIо доккхуш акцеш дIаяхьира


Ниццера митинг.
Ниццера митинг.

Дахначу мукъаденошкахь масех Европерчу пачхьалкхийн яккхийчу шахьаршкахь урамашка бевллера меттигера бахархой Палестинехьа гIодаккхаран митингашка. Масех кIира хьалха Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда Къудс гIала ерриге а Израилан долахь а лоруш, иза цу пачхьалкхан коьрта гIала санна къобалъярна резадацар гайта арабевллера бусалбачийн векалш а, меттигера юкъараллин жигархой а. Малхбузехь беха цхьаццаболу нохчий а, кхечу Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн векалш а бара цу акцешкахь дакъалоцуш.

Уггаре а дукха адам Германин коьртачу шахьарахь Берлинехь арадаьллера. Цхьанатоьхначу Штатийн векалтана хьалха дIаяхьначу дуьхьалонан акцехь гулбеллачара ягийра Израилан байракх. Цу хьокъехь немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министро де Мезьер Томасо дIахьедар дира, цхьана пачхьалкхан официале байракх ягор меттигерчу низамца зулам лоруш ду, иштта хIума немцойн махкахь магор долуш дац аьлла.

Францехь а, Австрехь а байракхаш ягорна тIе ца долуш, машаре дIайирзира Къудс гIала Израилан долахь кхайкхорна дуьхьал акцеш. Ниццерчу резадацаран акцехь дакъалоцуш меттигерчу бусалбачу нехан цхьаьанакхетараллашца цхьаьна цу гIаларчу нохчийн, гIалгIайн ассоциацин декъашхой а бара.

Маршо Радион корреспонденте ассоциацин куьйгалхочо Магомадов Рамзана бинчу хаамца, митинге арабевллачара дийцаре дира, Къудс бусалбачийн а, керистанийн а, жуьгтийн а еза меттиг хилар а, и гIала еккъа Израилан долахь кхайкхор бусалба наха цкъа а къобал дийр долуш хIума ца хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG