Нохчийн лоьрана-хирургна Баиев Хьасанна рогIера мидал совгIат дина "Къинхетаман а, могушаллан а Оьрсийчоьнан фондо". Церемони дIаяьхьна Москох.
Баиевца цхьана совгIаташ делларш Оьрсийчохь къинхетаман акцешкахь билгалбевлла юкъаралхой а, артисташ а бара.
Махкахь тIом боьдучу, уггаре а кхерамечу хенахь, шен са а, дегI а ца кхоош нохчийн лоьро вижар-гIаттар а доцуш къахьегна хиларх дийцира совгIат лучу хенахь. Баиевна и мидал а, цул а лаккхара совгIаташ а хьакъ хилар билгалдаьккхира и гулам дIабаьхьанчара.
Ша Баиев Хьасана иштта мах хадийра шен деллачу совгIатана а, оцу цхьанакхетаран а: "Цигахь вовшахкхеттарш лоьраш а, артисташ а, кхоллараллехь къахьоьгурш а бара. Берашна а, нахана а гIо-накъосталла деш берш бара. Царна совгIаташ дала вовшахкхетар дара-кх иза".
Нах шайн са а, дегI а дадийна лелачу хенахь, лазийначарна, цхьа а агIо а ца къестош операцеш еш къахьегна Баиев Хьасана.
Къинхетамца билгалваьллачу хьуна хIинца муха го, изза къиинхетам адамехь алсамбаьлла, я хьалхачул а лахбелла аьлла хета аьлла, шега хаьттича, иштта дийциар Баиевс: "ТIом болчу заманчохь, цхьа хало тIехIоьттича, кхинхетам алсам бара аьлла хета суна. ГIодан а, дакъалаца а лаьара. Ткъа, хIинца-м, бакъдерг дийцича, кIезгIа ду аьлла хета суна и гIодар а, дакъалацар а.
Вовшех дог лаза дезаш дара вай, гIодан дезаш а дара.ТIаьхьа-тIаьхьа схьагучу суьртаца ледара ду-кх иза».
Баиев Хьасанан совгIаташлахь дуьххьара дуьххьара номинаци яц дIакхайкхийнарг.
Иштта, иза шозза Нобелан преми яла хьакъ ву аьлла, хьалхатеттина хилла а ву.