Сатуев Хьусайн
Мама дIаяхна
Цхьа жима йоI яра кетIахь
Воьдург а, вогIург а сецош.
Хьаьнгга а олура:" ХIей таг!
Тхан мама... мама дIаяхна."
- ДIаяхна-а? - тидаме волуш,
Дог духуш, ас леци дакъа.
- Яхийта, яхийта! - бохуш,
Мама дIаяхийти дадас.
- ХIан-хIа, и-м хир даций иштта,
Мама цIайогIур ю кеста, -
Олуш, со дIавоьду сихха,
Цу йоьIан къа-бала кхетта.
Шен деган цуьргана Iеткъа
И боккха бала дIабоькъуш,
Жима йоI лаьттара кетIахь,
Дуьне а орцане доьхуш.
Шо-шераш замано даьхьна
Цу йоьIан гIуда сох летта...
- Тхан мама дIаяхна... - баьхна
ЙоI ма го сайга мохь бетташ.