Кхааридийнахь набахтера маьршаваьккхинчу Кавказан Ассамблеян куьйгалхочочо Кутаев Руслана, ша кхоьруш вац, Iедал шена тIехьадаьлла леларна, административан тоьхначу дозанан хан кхаьчначул тIаьхьа оьрсийн политике юхаван дагахь ву ша аьлла. Цкъачунна талламан белхаш а язбеш, хан йойур ю ша боху Кутаевс.
Цо бахарехь, кхааридийнахь Москох кхаьчна иза кеманца. Цигара дIа Иванове ваха везаш а ву. Кхелан сацамца дийнна шарахь оцу гIалахь хан яккха везаш ву иза, реистраци цигахь хиларе терра. Амма кхелан сацамна латкъам бан дагахь ву иза.
"Со ца кхоьру, стенах кхера веза со? Ас низамаш ца талхийна, я зуламаш ца дина. Цундела кхера бахьана дац сан. Айса хьалха леллийнарг, кхи дIа а кхочушдийр ду ас. Ийза а ца луш, дIа-схьа а ца хьоьжуш. Сан бакъо ма ю и" – аьлла Кутаев Руслана "Дождь" телеканале.
Иштта цо билгалдаккхарехь, политикехь къахьега лаам а бу цуьнан. "Нохчийн политикаца бала бац сан, со Кавказан къаьмнийн Ассамблеян президент ву, цундела Кавказ а, Оьрсийчоь а ю суна интересе хетарг. Iедалан низамаша бехкамаш бестинчул тIаьхьа, политикехь къахьоьгур ду ас", - аьлла, дIахьедина Кутаев Руслана.