ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан лазамех дуьйцу Вильнюсехь


Ичкерин векалш Вильнюсехь конференцехь
Ичкерин векалш Вильнюсехь конференцехь

Литван сеймехь дIайоьдуш ю Нохчийчохь 23 шо хьалха тIом болабаларна лерина конференци.

Цу пачхьалкхан парламентерчу Нохчийчоьнца солидараллин Тоба цIе йолчу депутатийн тобано кхайкхина ву Вильнюсе Нохчийн Республика Ичкерин урхаллин куьйгалхо Закаев Ахьмад а, цхьа могIа дозанал арахьара Ичкерин векалш болу нах а.

"Нохчийн Республика Ичкери дуьненаюкъарчу бакъонан контекстехь" аьлла, цIе йолу конференци еаридийнахь дуьйна дIайоьдуш ю Литван Сейман "Европин информацин центрехь".

Иза дIаяхьаран инициатива Литварчу парламентан депутатан Павилионис Жигимантаси яра. Цо куьйгалла дечу Нохчийчоьнца солидараллин тобанца цхьаьна нохчийн делегацин декъашхоша конференцехь дакъалацарал а сов, цхьа могIа мехала цхьаьнакхетарш дIадаьхьира Вильнюсерчу университехь а меттигерчу политикашца а, юкъараллин жигархошца а бохуш дуьйцу Австрерчу делегацин декъашхочо Никархо ИбрахIима: "Кхузарчу Iедалша официале кхайкхина ву Закаев Ахьмад, цул совнаха Сеймехь дIайоьдуш Нохчийчоьнна лерина конференци а ю.

ЧIогIа дика тIе а эцна тхо кхузахь, вуно чIогIа сийдеш. Нохчийн гIуллакх чIогIа дуьйцуш а ду кхузахь. Кхузарчу депутатийн тобано кечдина кехаташ ду Европехь Кхерамазаллин а, Цхьаьнаболхбаран а Юкъараллин тидаме дахка, нохчийн къоман тIехь 1944-чу шарахь йинчу геноцидах лаьцна.

Конференцел сов, дуккхаъ цхьаьнакхетарш а хилира тхан. Цул совнаха, Дудаев ЖохIарна Вильнюсехь доьгIна чурт долчу зиярте а хIиттира тхо. ХIара къам вуно чIогIа маршо езаш а, шен маршонна тIехь къахьегна а къам дуйла а гира тхуна".

Шех шина денна яхъеллачу конференцех аьлча, цигахь вистхуьлуш Нохчийн Республика Ичкерин урхаллин куьйгалхочо Закаев Ахьмада шен къамелехь дийцира, Оьрсийчоьнан эскарша Нохчийчохь 250 эзар стаг вийна ца Iаш, массо а културан а, историн а кхерчаш шайн массо а хазнашца а, архивашца а хIаллакйина хиларх лаьцна.

Цо иштта билгалдаьккхира, Литва а, Нохчийчоь а шайн керлачу исторехь а башха уьйраш а, цхьаьнадазарш а долуш хилар.

Цу цхьаьнадазарийн тоьшалла дара нохчийн делегаци Вильнюсехь даханчу бIешеран ткъаессалгIачу шерашкахь ша официалечу визитаца цу махка вахана волуш Нохчийчоьнан президент Дудаев ЖовхIар леллачу некъашца экскурси яр а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG