ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ткъа шо хьалхалера бохам 200 шо хьалха хилча санна дага а ца богIу..."


24 шо хьалха Керлачу шеран хьалхара де инзаре, бохаме деара Соьлж-гIалана а, цуьнан бахархошна а. Оьрсийн эскарша штурм йолийра Дудаевн Iедал чохь долчу гIишлонна.

Дуккха а деношкахь иза схьа ца яккхалуш лаьттира. Штурман хьалхарчу деношкахь цу чохь бара дуккха а журналисташ а, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутаташ а. "Iамеркан аз" радион корреспондент Гальперович Данил а вара царна юкъахь. Цо шен дагалецамаш иштта буьйцу: "Со цига ваханчу хенахь, иза дара дукха Iуьйранна, Москохца зIе яра.

Ас цига хаам дIабелира, суна сайна гинчух лаьцна. Со телефон тоьхна ваьлчул а тIаьхьа, журналисташ болчу чувеара Дудаевн гIоьнча Саламов Мовлен. Цо элира, гIалара а, тхо чохь долчу оцу гIишло чуьра а аравала аьтто хир бац аьлла. Оьрсийн танкаш чуеъна, Соьлж-ГIалана штурм еш ю элира цо".

Оьрсийн депутаташ и хIума хезча, Москохаца зIене бовла гIоьртира. Церан шеко яра, пачхьалкхан куьйгаллана эскаро деш дерг хууш ду аьлла, кхин дIа а дуьйцу Гальперовича: "Суна а гуш, Ковалев Сергейс Москох дIайиттира телефон, амма зIе таса ца лора.

Цул тIаьхьа, делкъа хенахь факс яхьийта гIертара. Кхин гIуллакх ца хилира цуьнах а. ГIура-беттан 31-чу дийнахь делкъал тIаьхьа рескоман чу балийра дуьххьара йийсаре лаьцна оьрсийн салтий. Гуш дара уьш шаьш кхаьчначу хьолах кхеташ боцийла".

Рескоман ларми чохь нохчий а, оьрсийн а ца къестош, адамалла хьалха а яьккхина, дарба деш хилар тергонехь лаьттина журналистан Гальперович Данилан.

"Суна дагадогIу рескоман подвал чохь дарба деш йолу меттиг кечийнера. Цигахь нохчийн тIемалой а бара, оьрсийн эскархой а, эпсарш а бара лазийна болу. Дуьххьарчу дийнахь со цецваьккхинарг дара, нохчашна шайн гIала дика евзаш а, иза дика ларъеш хилар а.

Оьрсийн эскаран танкаш нохчийн тIемалойн герзан кIел нисъеллера. Суна дика дагадогIу яьгна техника Соьлж-гIаларчу урамашкахь дукха яра, байинчу оьрсийн салтийн декъий санна", аьлла дийцира журанлисто.

Шех хиндерг хууш воцуш, дуьненах дог диллина денош дара боху Гальперовича оцу заманчохь тIехIиттинарш. Мел долу герз тIедеттачу рескоман чуьра нах хилла а ца Iаш, ерриге гIалара бахархой а бац оцу хьолехь, аьлла дуьйцу цо:

"31-гIа де уггаре а халаниг дара. Кхеташ ма дарий, ерриге а пачхьалкхехь керла шо даздеш буйла. Сарахь цхьанцца а зIе яцара. Цхьаммо а телефон дIатоьхча а, схьа ца оьцура. Эххар а и зIе а дIахедира. Дечкен-беттан хьалхарчу дийнахь кхийтира штурмах гIуллакх ца хиллийла. Шортта оьрсийн эскархой а байира цигахь. Соьлж-ГIалин бахархой а белира дуккха а. Дуккха а маьрша нах бисинера гIалахь дIа а ца боьлхуш", аьлла, дагалоьцура Гальперович Данила.

Хьалхарчу тIамехь нохчиийн тIемалоша, шаьш йийсаре лаьцначу оьрсийн эскархошца дика хилар биилгладоккху Гальперович Данилас: "Кхеташ дара, ночхаша юьхьанца еххачу хенахь дIалаьцначу оьрсийн эскархошца зуламе омра лаамаза кхочуш дечаьрца санна бара. Суна дагадогIу Соьлж-ГIалана йистехь тхо цхьана нехан хIусаме кхаьчнера, цигахь нохчийн цхьана доьзало дарба а деш, латтош вара, лазийна оьрсийн эпсар. ДIалаьцначаьрца кIеда бара, царна Iаткъам ца бора, хьо хIунда веъна, бохуш".

23 шо хьалха Соьлж-ГIалара и хиламаш дагаоьхуш дккха а бу журналисташ. Ахундов Алека халахетарца билгалдоккху, тахана Оьрсийчохь и бохаманн денош дицделла хилар: "Уггаре а халахетарг ду, хьо нахана Соьлж-ГIалахь оцу хенахь хилларг дийца воьлча, церан бIаьргаш чохь го уьш кхеташ ца хилар. Тахана Оьрсийчохь бицбелла 1994 -чу шеран ГIура-бутт, иза 20 сов шо хьалха а доцуш, 200 шо хьалха хилча санна".

23 шо хьалха Соьлж-ГIалара хиламаш тахана карлабаьлла журналисташ лерина бу тедогIучу шарахь оцу шайн дагалецамийн жайна арахеца.

Ткъа Соьлж- ГIала юккъахь шортта баларш а хуьлуш, дуккха а цIий Iаьнначу меттехь тахана маьрша лелаш нах бу.

Дукхачарна, къаьстина кегирхошна, хууш а ца хила тарло, церан кханен дуьххьа цигахь нах хIаллакхиллийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG