Кунта-Хьаьжа махках ваьлла де хIора шарахь билгалдоккху Нохчийчохь. Тахана а Шелахь зуькарш деш, Далла Iибадат деш, дIадаьхьара и де.
Дакъалоцуш махкара массо а вирдийн векалш хилла цигахь. Кунта-Хьаьжин боггIу мах хадош, цуьнан дахар а, динан философи а йийцаре йира гулбеллачара.
1864 -чу шарахь Дечкен-беттан 3-чу дийнахь Шелахь дIа а лаьцна, цигара Володоган кIоште Устюжна олучу гIала дIавигина хилла Кунта-Хьаьжа. Иза схьавеха аьлла, цигахь гулбеллачу цуьнан мурдашна тоьпаш тоьхнера Iедало. Ша верриг оцу майданехь вийнера 300 стаг.
Кунта-Хьаьжийн дахарх а, цо нохчийн а, Къилбаседа Кавказерачу цхьадолчу къаьмнашна а бинчу Iаткъаман мах хадош геннарчу 1994 шарахь жайна арахецнера историка Акаев ВахIида.
Иштта дуьйцу автора Кунта- Хьаьжех а, иза гучуваьллачу заманах а: "Иза Iийна зама чолхе, вон хьал долуш хилла. ТIом хилла беш. 25 шаре баьлла хилла иза. Кхетам болуш, хьекъале а, кIоргера дешна нах а ма хилла вайн оцу хенахь. Ойла еш а ма хилла цара. Киши-Хьаьжийн воI Кунта а хилла ойла еш.
Оцу къоман кIоргера культура а евзачу цуьнан а ма кхоллаелла ойланаш, я раббана Дела, муха довла деза вай хIокху балех кIелхьара аьлла. Шен гергарчаьрга а, накъосташка а аьлла цо, хIара тIом кхиъ дIабодахь, вай хIаллак хир ду".
Бехха лаьттачу Кавказан тIамехь, уггаре а доккха дукъ нохчаша шайна тIелаьцна хилла. Иштта хьал кхиъ дIадахча, къам кху дуьненчуьра дIадаларна кхерамах кхеттачу цо, машаран философи яржош хилла гIора дIадолучу нохчашна юкъахь.
Иза цо оьрсийн паччахь везаш ца динера аьлла, кхин дIа а дуьйцу Акаев ВахIида: "ТIевогIуш волу паччахь везаш ма ца аьлла цо. Сатоха жимма, сатоьхначуьнгахьа Дела ву олуш хилла. Да велча 15 шо долу цуьнан воI а тIам тIе воьдуш ма хилла. Иза а цигахь вуьйш хилла. Инзаре зама йолуш, цо и хьехамаш бо. Нахана, дагахь кхетта-кх уьш. Иштта хилла-кх Кунта-Хьаьжин хьехамаш".
ТIаккха, Кунта-Хьаьжа оццул машаре кхайкхамаш беш волу, паччахьан Iедало куьйгаш тIе а виллина хIунда ца лелийна аьлла, деллачу хаттарна иштта жоп делира историка Акаев ВахIида: «Иза атта хаттар а дац хьуна жоп дала. Ас-м сайн белхаш тIехь аьлла ду иза. Шамалца дуста ма дезий иза.
Цо 25 шарахь тIом бина. Цунна тIаьхьа вайнах а, Дагестенера къаьмнаш а дахна. Шен некъ дIакхехьна цо. ТIаьххаре йийсаре а вахна, Оьрсийчоьнан Iедало доккха цIа а лой охьахааво. Шен хьоме, леррина накъост волуш санна иза тIеэцна паччахьан Iедало.
Ткъа, Кунта-Хьаьжас цхьа топ ма ца кхоьссина. Мелхо а ма кхосса ма баьхна цо. Кунта-Хьаьжа, къам гIаттаме далахь хьалха вала мега аьлла хеташ, иза вай кхузара дIаваккха веза аьлла, хIоттийна кехат ду-кх архивашкахь. Шайна дуьхьала тIом бинчу Шамалал кхераме хетта-кх иза. И ду-кх бахьана. Кхин бахьана дац-кх, сан хьесапехь".
Кунта-Хьаьжица, иза махкахь ваьккхича, къамелаш дина хилла оьрсийн историка Попов Ивана. Цо оцу хенахь а тидам бина Устазан кхечу нахах, башхаллех.
"Со чIогIа цецваьллера, цуьнан оьздангаллех а, гIиллакхех а, къамел дан хаарх а, веларх а, амалех а, цо нийса букъ латтторах а. Доцца аьлча, и стаг дуккха а дикачу хIуманех а, къонахаллех вуьззина вара. Иза тамехь стаг вара, амма политикан тIегIанехь кхераме вара",-аьлла язйина Поповс.
Кунта-Хьаьжас ма аллара, Деле бирзинчу нохчех кхоьруш хилла паччахьан Iедал аьлла, дуьйцу цуьнах историк-яздархочо Ибрагимов Ризвана а: "Оьрсашна иза кхераме хIунда хетта аьлча, адам оцу Делан некъан тIехь чIагIдича, царна а хууш хилла дуьхьал латта хала хир дуйла. Цундела, оцу нийсачу некъан тIе адам ца далийта, бусулба дин чIагI ца далийта махках ваьккхина ву-кх Кунта-Хьаьжа".
Тахана нохчех а, гIалгIайх а, Дагестанера Iаьндойх а нах бу Кунта-Хьаьжийн вирдехь. Цуьнан мурдашна иза ша чохь латточу меттера вада аьтто а баьлла, туркойн махка дехьаваьлла. Иза цIахь юха а гучувер ву аьлла хеташ ду.