Нохчийчохь а, "Толаман гIоьнчий" аьлла Оьрсийчоьнан боламан декъашхоша а Путин Владимир президентан дарже хьалхататтаран кхаьжнаш гулдан долийна. Соьлж-гIаларчу "Гранд-парк»" олучу махбаран - самукъадаккхаран центрехь дIахьош бу и болх.
Паспорт долчу муьлхачу стеган аьтто бу цигахь шен аз дIадала. Цкъачуьнна жамIаш гIарадохуш дац оцу боламо, амма кхоччуш 300 эзар кхаьжнаш гулдаллалц и болх сацабийр болуш бац.
Оьрсийчохь кху тIаьххьарчу 20-х шарахь массо а воьлла хIума ду, кхаж тасар а, хетарг а цхьаъ ца хилар. Ахь, хьайн хьакамо аьллачунна кхаж таса а мега, хьуна и кандидат везаш воццушехь.
Тахана шеко яц, кху шеран бIаьста Оьрсийчохь хинболчу харжамашкахь а иштта хирг хиларна.
Маршо Радионо таллам бира бахархошна юкъахь, церан дог-ойла йовза гIерташ. ЖамIаш а да воккхавийр волуш дац, кхаж тасаран жамIаш мухха а хир делахь а.
Совдегара Истумалов Мусас ша гIур вац боху харжамашка. Хийцадала хIума дац, элира цо: "Цхьанна а кхаж тосур бац ас, со цига гIура а вац. Тахана Оьрсийчохь хоржуш бац. Дарж схьа а лаьцна, нехан лаг а лаьцна Iаш бу. Цундела со цига вахча а, ца вахча а хийцадала хIума дац".
ТIехьа-Мартан кIоштера вахархо Абдулаев Увайс а вац харжамашкахь дакъалоцур долуш. Харжамашна ахча дайа а ца оьшура, иза цхьана кхечу гIуллакхна хьажийча дика хира дара, элира цо: "Нах Iеха а беш, эрна ахча а дойуш хIума ду иза. Рицкъа мискачу нахана дIаделла, дитт доьгIнехь а, некъ биллинехь а, тIай динехь а гIоле дара".
Журналистна Серганова ТIауса хIинцале хаьржина ша кхаж тосуо болу кандидат: "ВВП-на ас кхаж тосур бац. Цо кху тIаьххьарчу 20 шарахь вайн цIахь а, кхечу пачхьалкхашкахь а динарг гуш ду. Цунна ас тосур бац кхаж. Ас Явлинский хоржур ву. Иза чекхавер ву аьлла а тосур бац. Цуьнан программа ас къобал йо".
Нажин- юьртан кIоштера вахархо Дукузов Хьасайн тешна ву харжамаш бIаьста нийсонца чекхабевр бу аьлла: "Харжам боху хIума шен къайле йолуш хIума ду. Кхаж тесинчул тIаьхьа хуур ду-кх мила тоьлла".
Ша цхьана хенахь харжамашна юкъахь болх бинчу Магомадов Анзорна а ца хета цигахь кхаж тосуш хIума лело деза аьлла. Шайна луург чекхвоккхур ву, элира цо: "Кхаж таса маьIна а дац. Со а хилла харжамийн комиссехь. Баккий аьшпаш бу уьш. Цундела я лаам а, я доглазар а дац цига ваха".
Эрна ахча дайар ду, цундела шен хан ца яйа ша а гIур вац цига, элира Соьлж-гIаларчу вахархочо Баканаев Iелас: "ВаллахIи со цига гIур а ма вац. ХIунда аьлча, со ца теша оцу харжамех".
Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь, тахана коьртехь волчу Путинна уггаре а алсам кхаьжнаш гулдечарех ю Нохчийчоь.
Схьахетарехь, кху шарахь а иштта хила там бу, кхин цхьа доьхнарг юкъа ца долахь.