Нохчийчохь шинарин Iуьйранна лаьцна "Мемориалан" цу республикерчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб. Шен доттагIца цхьаьнакхета вахана хилла иза Майртупа. Амма ша воьдучу Титиев дIа ца кхаьчна.
ДоттагIчуьнга шен телефон дIа ца кхетча, цунна дуьхьал ваханчу цуьнан накъостана гина иза тIайн тIехь лаьтташ, гонах бевлла полисхой а болуш. ТIаьхьо бакъонашларъярхо дIакхачийна Куршлойн эвла, хетарехь, меттигерчу полицин декъе.
Соьлж-ГIалара веана адвокат тIе ца витина Титевна. Куршлойн кIоштан полицин декъехь аьлла цуьнга, иза цигахь вац аьлла. Стенна бехке веш ву бакъонашларъярхо хууш дац.
ТIеххьара болчу хаамца, 60 шо долу Титиев бехке вина наркотикаш лелийна аьлла.