“Мемориалан” Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб лоцуш гина нах лоьхуш бу Оьрсийчуьра бакъонашларъярхой. Социалан машанашкахь леррина кхайкхам баржийна цара.
Масала, евзаш йолчу бакъонашларъярхочо Ганнушкина Cветланас цуьнах лаьцна пост хIоттийна шен Facebook-рчу агIона тIехь.
“Тхуна оьшу, Дечкен-беттан 9-чу дийнахь Оюб шозза дIалоцуш гина болу тешаш. Ца оьшу хIинца яздан ирс дайначу къомах а, Кадыровх а, Путинах а. Тхуна оьшург ю Куршлойн-эвлара Майртупа кхаччалц болу некъ я Куршлойн-эвлара полицин (ОМВД) гIишло - 8 сахь 30 минот яьллачул тIаьхьа 13 сахьт даллалц. Дехар ду, хьовсийша шайн видеорегистратаршкахь йолчу видеошка. Нагахь цу хенан юькъана цу тIехь гуш номер С 486 РС 95 йолу ВАЗ 111930 LADA KALINA машен хилахь, иза тхоьга схьалахьара аш”, - яздина Ганнушкинас.
Шайна накъосталла динчу нехан цIерш хьулйийр ю, Iедалшна цкъа а йовзуьйтур яц шаьш боху бакъонашларъярхоша.