ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"2017-чу шеран тоьлла латархо" ваьлла Бетербиев а, Гассиев а


Sportbox.ru-с кхайкхийначу "Мила ву Оьрсийчоьнан дахначу шеран тоьлла боксер?" аьллачу харжамашкахь толам баьккхина Дуьненаюкъарчу боксерийн федерацин (IBF) чемпионо, Нохчийчуьрчу Бетербиев Артура а, оццу федерацин чемпионо, Къилба ХIиричуьрчу Гассиев Мурата а.

Цхьатерра кхаьжнаш гулдина шина а спортхочо – 47, 64 процент.

Шина кIиранах дIабаьхьна хилла харжамаш бирзина кIиран буьйсанна. 168 эзар стага дакъалаьцнера оцу хаттамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG