"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочунна Титиев Аюбана дуьхьал айдинчу гIуллакхехь кхи хIара аьлла, керла хийцамаш бац, ша цуьнан уллера гергара нах махкал арабевлла, дIабахана хилар доцург.
Уьш мичахь бу а хууш дац. Схьахетарехь, бакъонашларъярхоша гIо а дина, кIелхьарабаьхна. Уьш кхерамазаллехь бу аьлла, хаийтина цуьнан адвоката Заикин Петра.
ХIинца Титиев бехкецахиларан тоьшаллаш гулдан арабевла бу цуьнан адвокаташ а, белхан накъостий а.
Дуккхаъчу цхьанатохараллаша кхайкхам бина Куршлойн кIоштехь болчу машенлелархошка Дечкен - беттан 9-чу Iуьйранна Майртуьпа боьдучу новкъахь шайн машенчуьра видеорегистраторо дIаязъйина видеош шайга тасахьара аьлла.
Цо гучуйоккхур ю аьлла хета царна, полисхоша Титиевна тIехь латтош йолу харцо. Ала догIу, ша Титиевс а, цуьнан адвокаташа а аьттехьа а тIебуьтуш бац, наркотикаш лелош хилла аьлла бехк.
Титиев Аюбан адвокатна Заикин Петрна хетарехь, коьртачарех дара цуьнан гергара нах Iаткъамна кIелхьара бахар. ТIаккха, мел а атта хир ду, цунна тIехIотторан некъ дIабахьа.
"И кхерамаш ас ларвечо бахарехь, юьхьанца дуьйнна бара. Полисхошца хиллачу къамелехь хилла иза. Хьалхарчу дийнахь дуьйна, тхан тIаьххьара цхьанакхетар хиллалц а и кхеррамаш сецна а бац. Цхьа а хIума хийцалуш дац. Суна хетарехь, сан клиентца "болх" бечу полисхошна шайна дуьхьала цхьанна а кепара новкъарлонаш ю аьлла ца хета.
Юкъараллехь цуьнах хетачуьнах уьш саготта бац. Iаткъам сецна а бац. Суна иза пIераскан дийнахь гина. Оцу хенахь а сецна бацара бен тIеIаткъам", элира Заикина Маршо Радионе.
Ша Титиев къонах стаг хилар а, шена тIехIоьттинарг иза лан кийча хилар а гуш ду, аьлла кхин дIа а дуьйцу Заикин Петра: "Иза доьналлла долуш стаг ву. Корта охьа а бахийтина Iаш вац иза цигахь. Кхеташ ма ду, гергарчу нахехула Iаткъам беш хилча, лан атта хIума дац иза".
Титиев Аюб дIалаьцначул тIаьхьа, полисхоша низамаш дохийна аьлла, царна арз деш, цхьа могIа бакъонашларъярхоша кхайкхамаш бинера Оьрсйичоьнан талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкине, и гIуллакх листахьара аш аьлла.
Кху деношкахь Оьрсйичоьнан президентан омраца талламан комитетан Нохчийчуьрчу декъан керла куьйгалхо хIоттийна. Иза ву инарла Волков Виталий.
Цхьаболчара иза дикачу агIор вийцахь а, цо цхьана а кепара хIума хуьйцур дац аьлла, тешна ву адвокат Заикин Петр: "Цхьа а хIума хийцалур дац. Сох теша мегар ду шуна, федералан хьукматийн хьалхарчу куьйгалхойх чолхе ду хьал Нохчийчохь. Ас дуьйцург Iедалш а, ницкъаллийн структураш а ю. Царна хаьа, шайн гIортор йийр юйла. Иза долуш ду, мел халахетахь а. И бала дIабаллалц иштта лаьттар а ду иза".
Титиев Аюбан гIуллакхо юха а хьалхарчу метте хIоттайо Нохчийчоь, хаамийн гIирсаша дийцарехь, и юьхькIаме доцурш кесст-кесста хуьлу дела.
Амма мел Iаткъам барх а, бакъо тола ца тулуш меттиг ца йисна аьлла, шайн тидамехь латтош ду юкъараллехь Титиев Аюбан гIуллакх.