ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цуруев Шарип. ДIадахнарш ас дагалоьцу


Цуруев Шарип. ДIадахнарш ас дагалоьцу
ДIадахнарш ас дагалоьцу,
ХIай, латта, ас йо хьан ойла.
ХIун дисна ца хуьлуш хьоьца?
Ткъа синтем хиллий хьан гойла!

Сан латта маьркIажехь тийча,
Шарйо ас ка шога берчаш.
Ялтин кан хьекъа, хIу дийча,
Ткъа гIовттац хьан эгна бераш.

Уьш ахьа хьайн кийрахь къуьйлу,
Мотт буьллий упханан гIовлех.
Цецвуьйлу, латта, цецвуьйлу:
И дерриг ахь муха лов-те?

Цецвуьйлу: хьо муха лаьтта?
Са детта муха ницкъ кхочу?
Ма дика ду-кха, хIай латта,
Адмийн дог хьан кийрахь доцу.
Цуруев Шарип

Поэт, яздархо, журналист Цуруев Шарип вина 1963-чу шарахь Дечкен-беттан 20 дийнахь Гуьмсан кIоштарчу Лахара Гезлой-эвлахь. 1988-чу чекхъяьккхина НППУ-н филологин факултет. Белхаш бина школехь, хьехархойн институтехь, Iилманан-талламан институтехь, хьехархойн училищан директоран а, «Васт» а, «Даймохк» а газетийн коьртачу редакторан даржашкахь а, ткъа иштта «Орга» журналехь а.

Карарчу хенахь «Хьехархо» газетан коьрта редактор ву Цуруев (цуьнца цхьаьна НР-н Iилманийн академии «Таллам» журналан жоьпаллин редактор а).

XS
SM
MD
LG