Цуруев Шарип. Барзин Iожалла
Хьо сийсара мичахь вара, Барза?
Хьо тховса а мичахь хир ву, Барза?
Алахь, Барза, мичахь хир ву кхана? –
Хьоьга кхойкхуш йоьлхуш ю хьан нана.
БIаьргаш лечкъош, лаьттан бIаьра хьаьжна,
Шен гIайгIанах шад а бина хьаьж тIехь,
Бехке хеташ адам меттаххьадан,
ВогIавелла лаьтта къена дада.
Хьо сийсара мичахь вара, Барза?
Хьо тховса а мичахь хир ву, Барза? –
Дуьне дуззал бала кийра эцна,
Хьуна елха йиси дагна езнарг.
Хьо ца гуш а, ца хезаш хьан йиш а,
Са бIарзделла хьийза хьан цхьа йиша.
И схьадогIу Яьсси санна, гIийла
Нана-Нохчийчоь а хьуна тийжа.
Еха оьмар йоьгIна-кха хьан сина –
Хьан са мукъамашка дIадирзина...
Амма вац хьо, вац хьо тховса, Барза!
Хьо сийсара мичахь вара, Барза?
Гезлойн-эвлара Эзерханов Барза – Советан Iедал тIедале Къилбаседа Кавказехь цIеяххана вевзаш хилла волу пондарча, – дуккха а мукъамийн автор. Барзин жимахволу ваша Iабдурашид нохчех радиочухула дуьххьара пондар лекхнарг ву, олу наха. Барзин эшарш Димаев Iумара а локхура. Цхьаерш наха хIинца а локхуш ю.