Юкъаралхочо Коканаев Руслана Фейсбукан шен агIон тIехь хIоттийначу цхьана хаамо юха а карладоккху Нохчийчохь онкологица долу хьал чолхе хилар. Цо бахарехь, шен лулара цхьана зудчуьнга йиша елла аьлла, кадам бан чувахча, цигахь хезначо цецваьккхина иза.
Цхьана дийнахь Ойсхарахь 18 тезет хилла хIоттийна. Коканаевс иштта дуьйцу: "Сан лулахь Iаш ю и зуда. Цуьнга кадам бан чуваханера со. 18 тезет яра-кх цигахь цхьана дийнахь элира цо. Тхайн юьртахь 26 шарахь болх бина ма ву со. Сайн бIаьргашна схьагучу суьртаца, цомгуш мел хилларг онкологица велла ву".
Онкологи Нохчийчохь яьржина хиларх юкъараллехь а къайле яц. Мелхо а, нахана дела денна аьлча санна го и бохаме тоьшаллаш. Наггахь бен кIира ца долу муьлхачу стеган тезета ваха ца дезаш.
Оцу цамгаро нохчийн къам йийсаре лаьцна хиларх дуьйцира Соьлж-ГIалара яхархочо Сайдулаева Оксанас: "ХIокху тIаьхьарчу хенахь яьржина ю и онкологи. Вай лайначу баланех а, кхуза чу мел тоьхначу хIуманех а хилла хир ду иза. Суна дика евзаш цхьа зуда яра. 2 шо дара цо и бала хьоьга. Операци а йина дIа а яьккхинера цунна и цIе ца йоккхург. Дика ю аьлла, хими а еш, лелаш яра иза. ЦIеххьана и цамгар юха а яьлла цхьана баттахь ели иза".
Наха мухха а дийцахь а, лоьрашна, тамашийна делахь а ца хета онкологица хьал махкахь дукха тIехсов барамашкахь ду аьлла. Ира а, чолхе а ду, амма Оьрсийчоьнан кхеу регионашкахьчул дика ду аьлла, мах хадийра хьолан республикан коьрта онколога Ахматханов Хьуьсейна: "Вайн махкахь оцу цамгарца долу терахь, кегийрхой а юкъалаьцча а, кхузза лахара ду Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахьчул.
Оьрсийчохь юккъерачу барамехь цомгушчеран терахь 402 сов дара 2016 шарахь, ткъа вайн 157 сов ду иза. Иштта оцу цамгарх баларш: Оьрсийчохь 200 ца кхоччуш ду и терахь, ткъа вайн 83-ннал сов эккхаш ду иза. Оцу ша долчу хIумано гойту вайн цIахь и цамгар кхуьуш ца хилар. Иштта вайн цIахь операцеш ян йолийна дела баларш а жимделла вайн".
Онколога Ахматхановс дуьйцучу терахьашца могашаллин министралло а, Росстат олучу урхалло а далош дерш дуьстича, сурт башха дика ца нисло.
Масала, Росстатан меттигерачу декъо динчу лараршца, стохка итт баттахь веллачу 5397 стагах, онкологех велларг ву 944. И терахь лурчахчул, бакъдерг дийцича, кIезиг ду 22 стагана.
Амма хIетте а миллион сов долчу къоман юкъахь хIора шарахь цхьацца эзар стаг цхьана онкологех леш хилар лахара ду олийла дац, бохуш кхин дIа а дуьйцу юкъаралхочо Коканаев Руслана: "Дехьа юьртахь а, сехьа юьртахь а и болх хилча, муха хир ду массо а Нохчийчохь оцу цамгаран процент лахара?
ТIамах чекхадаьллачу къоман тIехь цхьа программа хила езаш ма яра. Иза ца хиларо деш ду иза. Оцу хIуман тIе тидам а бахийтина, иза ала йиш ца хиларо деш ду иза, аьлла хета суна".
Нохчийчохь онкологин дуьхьала леррина программа оьшуш хиларан хан тоххарехь тIехъяьлла бохуш даим кхайкхош ду цхьамоггIа юкъаралхоша а, бакъонашларъярхоша а. Наха шаьш терго йо, къаьсттина тезеташкахь чIогIа къеггина го иза, бухахь кадам схьаоьцуш баккхий нах бисина а бац.
Къаной дIабовлуш бу. Цаьрца цхьатерра ала мегар долуш церан берийн а, берийн берийн а хеннара берш бу леш, цIеххьана и цамгар гучу а йолий.