ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулаев Мохьмад. Эхийша, Даймехкан хиш...


Сулаев Мохьмад

Эхийша, эхийша, Даймехкан хиш,
Бердашца къийсалуш даим.
Лекхийша, лекхийша шайн мерза йиш,
Ца лагIъеш аренца цкъа а.

Ницкъ лойша сан дагна - шайх тера и
Даима цIена хилийта.
Ницкъ лойша бIаьргашна, ца кхолош кхин,
Даима шайга хьежийта.

Сан бIаьргаш чухула дог Iабадеш,
Сан даг чу шун тулгIеш Iена.
ТIаккха уьш, сан деган мукъамаш беш,
Аренца дIахьовду гена.

Даим а къегадеш вайн мехкан куц,
Дегнаш тхан лийчадеш шайца,
Эхалаш, эхалаш, сенъярца буц,
Ирс гуттар латтадеш вайца.

ЦIеналла тIекхоьхьуш, йис дIаядош,
Лийчабеш стиглара седа,
Даима эхалаш, цIеналла хьош:
Шу совцахь - сан дахар хеда!

Гоьваьлла нохчийн яздархо а, байтанча а Сулаев Мохьмад (1920 - 1992) вина 1920-чу шеран гезгмашин-беттан 20-чу дийнахь ГIойтIахь. 1941-чу шарахь Мохьмада чекхйоккху Бакура лоьрийн институт. Лоьралла а, яздархочун болх а цхьаьна дIакхийхьира цо. М.Сулаевс дуьххьарлера шен байташ язйира 1935-чу шарахь. Кхоллараллин хьалхара мур чекхболу 1943-чу шарахь «Малх тоьлур бу» поэма язъярца. 1958-чу шарахь «Безаман эшарш» цIе йолу стихийн гулар араяларца дIаболало поэтан кхоллараллин керла мур. ХIетахь дуьйна цо арахоьцу поэзин, прозин дуккха а книгаш: «Велларг денвар», «Даймехкан зIаьнарш», «Товсолта ломара дIавоьду», «Дагчуьра суйнаш», «Бакъдерг», «Адамалла», «Сирла суьйре»… Поэтан кхалхар хилла 1992-чу шарахь.

XS
SM
MD
LG