ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бисултанов Апти. Беттаса


Бисултанов Апти

Беттаса

Беттаса схьакхийти, эзар шо хьалха
Кхеташ ма-хиллара гIайгIане, цхьалха,
Адамаш чудирзи, эзар шо хьалха
Доьрзуш ма-хиллара даха я кхалха...

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца кIордош...
МостагIа вогIур ву - дуьссур ду дерташ,
Дуьссур ду хьан лекха, хьан хаза бердаш,

Хьаша-да вогIур ву - юьссур ю марзо,
И марзо елхайо хьан ломахь барзо,
ГIелашна гIергIачу курачу сайно,
ЦIе йоцчу кошан тIехь даьллачу стайно.

И марзо елхош ду сан хIора дош а,
Хьан дато некъаш а, момсарийн бос а...
Нохчийчоь, латта хьо, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца кIордош...

Со кхуззахь вина ву, тийналлийн къоргехь,
Хьан сина тийжачу кхокханан къорни,
Пен боцчу хIусамехь, тхов боцчу кхерчахь,
Да воцуш кхиъна со, хьан цIарах хьерчаш.

Хьан бIаьвнийн херцаршлахь бецан хал санна,
Хьан серло тергалъян ма дезна сан а,
Хьан стиглахь аьрзунийн мохь санна шийла,
Со а дIавовр ву цкъа, тийналлех ийна...

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца къордош...
Тхо девлла дIагIур ду, дуьссур ду дешнаш,
Дуьссур ду хьан хаза, хьан оьзда кешнаш,

Буц йолу, буц юьжу ойлане баьрзнаш,
Воьдучун, вогIучун доIанийн аьзнаш.
Хьан херцарш юьссур ю, да воцуш велха,
Дуьссур ду хьан стиглахь аьрзунийн хелхарш,

Юьссур ю назманаш, зуькарийн шовкъаш,
Юьссур ю тхан дагалецамийн овкъарш...
Хьо йиса, Нохчийчоь, серлонан хIордах,
Эзар шо даьлча а яха ца кIордош...

Апти Бисултанов вина 1959 шарахь. Апти -- гоьваьлла нохчийн кхузаманахьлера байтанча ву. 1983 шарахь цо чекхъяккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факултет. Бисултановс арахецна цхьамогIа байтийн гулам. Масала, цуьнан «Ткъесан ӀиндагӀ» гуламана юкъайоьдуш ю шуьйрра евзаш йолу поэма «Хайбахехь язйинарг». 1992 шарахь цунна делира Нохчичоьнан Халкъан совгӀат. Апти Бисултанов 2002-чу шарахь дуьйна Ӏаш ву Берлинехь.

XS
SM
MD
LG