ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Полицин шогалла ца лайра оха..."


Масех кIира хьалха Венехь тIекIел шина дийнахь вайнехан кегирхой декъахь а болуш, полисхошца тийсадаларш хиллачул тIаьхьа кхин цкъа а айъина бу цу махкахь нохчийн къомахчу божарийн криминале леламаш.

И зуламаш хIун дича совцор дара а, харцахьа лелачу кегийрхошца муха болх бича церан кхетам хийцалур бара а – цу хеттаршна жоьпаш лоьхуш диаспорин жигархой а бу. Цу Iалашонца Австрерчу полисхойн векалца цхьаьнакхеттера Венерчу 20-гIачу кIоштахь нохчийн диаспорин векалш.

Нохчашца цхьаьнакхетаре веанарг Венерчу полицийн урхаллин диаспорашца зIенаш латторан декъан куьйгалхо Шоьн Алфред вара.

Цо жоьпаш делира гулбеллачеран полисхойн балхах а, цу белхан башхаллех а долчу хеттаршна. Iедалан векале гуллбелачара луш хилла хеттарш тайп-тайпана дара – юккъера нохчийн кегирхошна тIехсов терго хIунда йо полисхоша бохучунна тIера къепедацарш шайгара далийтинарш юккъера нохчий буйла прессина мичара хаьа полицино къоман цIе ца яккхича бохучунна тIекхаччалц.

Дуккхаъчара бехкаш а дехира Iедалхочуьнга, австрихойн полици нохчийн кегийрхошца къаьстина шога ю, цара кхиазхошна провокацеш йо, уьш сийсаз а беш бохуш.

Маршо Радиоца шен хиллачу къамелехь полицин векало Шоьн Алфреда элира, шега схьа а, ша дIа а критикалле хеттарш даро а, цу хеттаршна шинна а агIоно ма-дарра жоьпаш даларо а гойту, нохчийн диаспорица цхьаьнаболхбан дика бух болуш хилар, аьлла: "Суна тховсалера цхьаьнакхетар кхиаме хилча санна хета. Дера ира хеттарш а ма дара.

Масала, Iедало шен болх даима а низамца догIуш ма-хилла бой бохучух лаьцна, полицино а гIалаташ диний-те цу тасадаларшкахь аьлла а.

Ас а делира гулбеллачаьрга сайн агIор критикалле хеттарш. Цу сан хеттаршна кхочуш жоьпаш а делира суна".

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара полисхошца тасадаларехь хилла 21 шо долу Сайд-Мохьмад. Цуьнан жимах волу ваша а хилла цу сарахь IалагIожан декъа, иза Iедалхочунна тохарна бехке а вина лаьцна ву.

Сайд-Мохьмада дийцарехь, полисхой богIуш лаьтташехь дера а, шога а баьхкинера. Нохчийн кегирхой латарехь дакъалоцуш а ца хиллера, амма полицино юхьарлаьцнарш юккъера уьш бара, Сайд-Мохьмада чIагIдарехь.

Луларчу гIенташкахь Iаш болу хийра нах вовшахлета буьйлабелча, ша шен веше хьайн хIумнаш схьаэца, дIадоьлху вай аьлла, шаьш цигара дIадаха арадовлуш дара боху цо: "Тхо хаза Iаш дара цу чохь. ЦIеххьана цигахь лата буьйлабелира, суна муьлш бу а ца хууш. Тхо цигара дIадаха гIоьртира. Арадовлуш тхо а долуш, Iедал схьакхечира".

ТIебоггIушшехь полисхоша шайна тIе герз лецира боху Сайд-Мохьмада.. Ша герз дIадаккха аьлча, цара шена бурч чохь йолу спрей туьйхира боху.

"Со лаьтта охьавожийначул тIаьхьа суна хIума а туьйхира, сан телефон а кагйира цара. Сан ваша ас метро йолчу дIагIо аьлла дIавахийтинера, амма со охьавожош а гина, иза юхаведдера. "Сан ваша Iадвита!" аьлла, суна тIехьаьдда волу иза цара схьалецира, Iедалхочух летта аьлла чувоьллина ву иза хIинца. Иза бехке ца хилар цу чуьрчу камерашна тIехь гуш доллушехь", аьлла, кхи дIа а дийцира кIанта..

Маршо Радиога ша ма-дийцара, полицин векална хьалха а дийцира Сайд-Мохьмада шайний, Iедалхошний юккъехь хилларг, шаьш Iедалхоша шайга кехаташ схьагайта аьллехь уьш дIагойтур долуш а дара, дуьхьало йийр йолуш а дацара.

Делахь а, Iедалхой богIуш лаьтташехь шайна тIе герзаш а лаьцна, шайца шога хилар ца лайра шаьш аьлла. Цунна дуьхьал полицин векало Шоьн Алфреда элира, хилларг Iедало толлур ду аьлла.

Амма Iедалан белхахой шайна харц хетахь а, бакъ хетахь а, цкъа хьалха къера а хилла, цара бохург дан декхарийлахь ву Австрехь муьлха а стаг, элира цо.

Цул тIаьхьа, полици цкъа шен болх бина яьллачул тIаьхьа, шайца харцо йийцина аьлла хетачуьн хьеннан а бакъо а, таронаш а ю полицин леламашна латкъам бан, и латкъам Iедало толлур а бу, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG