Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхеташонехь дIакхайкхийна Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб лацарх а, ишта вайначу Бакаев Зеламхах а. Кхаарийн суьйранна меттигерчу ЧГТРК "Грозный" каналан эфирехь дина цо и къамел.
"Шайн кIантана тIехь Iуналла ца динчу цуьнан (Зелиман) гергарчу нахана эхь хеташ хир ду ма дарра даредан, Кадыровс дIавигина иза а бохуш. Мичахь ду тоьшаллаш? Ас телехьожийлехь олуш хезний шуна, иза лаца веза бохуш? Гиний шуна полицино иза лоцуш а? Волчу нахе саца ца велла иза, тIаккха цIа кхайкхинчух тера ду вежарша, жоп деха цуьнгара "хIара а ду", "важа а ду" аьлла…Церан юьртахь, церан тайпанах боьрша нах бац-те, "оха дина" аьлла, тIелаца? Шайн гергара стаг мила ву дика ма хаьа царна", - аьлла Кадыровс Бакаевн варах дуьйцуш.
Дуьненаюкъара организацеш бехке а еш, царна критика а еш дийцина мехкан куьйгалхочо Титиевн исторех: "Анаша шеца а йолуш цхьа наркоман лаьцна боху полисхоша. ООН, Iамеркара Госдеп а цхьана орцах яьлла боху Куьрчалара цхьа стаг лаьцна аьлла".
Эзарнашкахь лецна наркоманаш, царна тIе цхьа а ца хIоьттиний, аьлла Кадыровс. "Церан наркоман лаьцча, доллу дуьне гIаьттина. Вукхеран бакъонаш хIунда ца ларйора цара? Изза наркоманаш… Титиевс пайдаоьцуш хила ца тарло наркотикех? Оха лоьцучу цхьаболчу наркоманийн 60, 70 шераш ду. Ткъа хIара лаца мегаш вацара? Дера мега-кх", - аьлла, вистхилла Кадыров.
Бакъонашларъярхойх олуш, церан тайпа а дац, дин дац, къам дац аьлла мехкан урхалхочо.
"Ша нохчо хеташ волчу стага цаьрца болх бича цецволу со. Церан нахах а вуьйлу цец, шайн стаг сацош боцчу. Царна хаа деза, вайн махкахь цара болх бийр боцийла", - аьлла, дерзийна Кадыровс шен къамел.