ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидаташка дехар дина Кутаев Руслана


Кутаев Руслан, маьршаваьккхинчу миноташкахь
Кутаев Руслан, маьршаваьккхинчу миноташкахь

Къилбаседа Кавказан къаьмнийн Ассамблейн куьйгалхочо Кутаев Руслана кхайкхам бина Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидаташка Грудин Павеле а, Собчак Ксенияга а, нохчийн бакъонашларъярхо Титиев Аюб дIалацар толлуш леррина комисси кхолла аьлла.

Прокуратуран а, Кхерамазаллан сервисан а, талламан комитетан а белхахой юкъахь а болуш хила еза и комисси, Кутаевс бахарехь. "Шун бакъо ю и комисси кхолла, цуьнан белхан терго йийр ю шун харжамхоша", -аьлла, билгалдаьккхина Кутаев Руслана.

Наркотикаш а кхуьйсуш, Титиев санна дIалаьцначарех кхозлагIа юкъаралхо ву иза, яздо Ассамблейн президенто Фейсбукерчу шен агIн тIехь.

"Со а, Гериев Жалавди а дIалаьцнера иштта. КIоршме бакъонаш йохор ду и, маларца бала хилла а боцучу нахана тIехь и тайпаниг лелор", -аьлла ду Кутаевн дIахьедар.

Карарчу беттан 9 - чохь дуьйнна лаьцна, латтош ву Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб.

Лаьцна шолгIачу дийнахь наркотикаш лелийна аьлла, бехкзуламан гIуллакх диллина бакъонашларъярхочунна дуьхьал. 60 шаре ваьлла Титиев шина баттана чохь вита сацам бина кхело.

Дахначу еарийндийнахь Норвегин Хельсинкин комитето а, Human Rights Watch, Amnesty International, FIDH, Дуьненаюкъарчу Iазапна дуьхьало латточу бакъонашларъярхойн организацеша катоххий маьршаваккха Титиев Аюб аьлла, юкъахь дIахьедар дира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG