ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Собчак Ксения: Бита бакъонашларъярхой, мацца эшна а, церан гIо оьшур ду хьуна а


RUSSIA -- Presidential hopeful Ksenia Sobchak attends an election campaign in the city of Berdsk, Novosibirsk region, January 15, 2018
RUSSIA -- Presidential hopeful Ksenia Sobchak attends an election campaign in the city of Berdsk, Novosibirsk region, January 15, 2018

Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидата, журналисто Собчак Ксенияс диллина кехат дитина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах. Цо яздо: "Рамзан Ахматович! КIира хан ю бехк боцуш Титиев Аюб набахтехь латтон. Цуьнан лацарх дуьйцуш, ахь элира бакъонашларъярхой "къам а, тайпа а" доцуш нах бу аьлла.

Хьо хIунда ца кхета, адамийн бакъонаш ларъеш хилла, йийна Эстемирова Наталья а, Алексеева Людмила а, Светова Зоя а, Титиев Аюб а, - уггар а лоручу, доккхачу тайпан нах буйла. Со тешна ю, мацца эшна а, церан гIо хьуна а оьшур хиларх. Оьрсийчоьнан политикашка а, кхиболчу президентан харжамашка хьалхатеттинчу кандидаташка: Навальныйга а, Явлинскийга а, Грудинине а, Титовга а кхайкхам бо ас. Вай юьстах йита деза цхьайолу теманаш а, хиламаш а, "люстрацех", "национализацех" вайн къийсамаш а. Титиевс набахтичохь даьккхинчу цхьана сахьте а ца кхочу и хIуманаш.

Ши шо ду, могуш а воцуш Белых Никита лаьцна латто. Набахтехь 60 шаре волуш ву Малобродский Алексей а. Ткъа царна тIехь кхел йина а яц. ХIинцца ГIалгIайчохь "Мемориалан" офис а ягий.

Тоьар ду вовшашца къийсадала! Вайн массеран а юкъара лаам хила безаш бу, тахана вайгара гIо оьшу нах кIелхьарабаха. Харжамашкахь Путина толам боккхур бу. Нагахь санна, уггар хьалха бакъонашларъярхой а, политикан тутмакхаш а вайга ларлахь, кху дуьненахь вай йоккху хан эрна яц.

Рамзан Кадыров" Оха тIедожадо хьуна катоьхна Титиев Аюб маьршаваккхар лаьцначуьра", - яздо Собчак Ксенияс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG