Ялх стагах лаьтташ болу ТикаевгIеран доьзал Австрера депортацина кечбина, Венерчу аэропортана уллерчу контейнерех йинчу кхерча дIабигна полисхоша. Муьлхачу а мIаьргонехь кеманна чу а ховшийна Оьрсийчу дIахьовсон мегаш бу уьш.
Ялх шо хьалха Австре кхаьчна болчу ТикаевгIеран тховкIелонах долчу дехарна негативе жоп делла Iедало. Вуно дика интеграци а йина, ишколехь дика доьшуш бераш а долу доьзал и бахьана долуш махкал арабоккхуш бу.
ТикаевгIарна депортаци ца яйта акци йолийна Австрехь бевзаш болчу юкъараллин жигархоша а, цу доьзалерчу берийн хьехархоша а, журналисташа а. "ТикаевгIеран доьзалан депортаци сацае!" аьлла йолийначу акцехь дакъалаьцна берийн бакъонашларъярхочо Пинтеритц Моникас а, актрисано Штембергер Катаринас а, Вена гIалин вице-бюргомистр йолчу, Баьццарчу Партера политик йолчу Вассилаку Марияс а.