Нохчийчуьрчу прокуратуран белхахошна ши сайт карийна, "Исламан пачхьалкхо" (ДАIИШ) яржош йолу материалаш тIехь а йолуш. Уьш дIакъовлар доьхуш суьде кехаташ хьажийна цара, хаам бо "Кавказский узело".
Юьйцурш билггала хIун сайташ ю дуьйцуш дац. Церан хьокъехь суд хир ю гергарчу хенахь.
Маршо Радионо хьалха хаам бина ма хиллара, стохка Мангал-баттахь Оьрсийчохь, зуламе лоруш ю аьлла, йихкинчу "Исламан пачхьалкх" тобанах лаьцна артиклаш тIехь йолу кхо сайт дIакъовлийтира Нохчийчуьрчу прокуратуро.