ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев дIахецар доьхуш Соьлж-ГIалахь пикет дIаяьхьна Собчака (видео)


Нохчийчоь -- Собчак Ксения, Соьлж-ГIала.
Нохчийчоь -- Собчак Ксения, Соьлж-ГIала.

Телевизионан журналисто, Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь кандидат йолчу Собчак Ксенияс, Соьлж-ГIалахь пикет дIаяьхьна "Мемориал" бакъонашларъярхойн центран Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб дIахецар доьхуш.

Титиев лаьцна ву Iедалша, цуьнан машена чохь наркотикаш карийна аьлла. Дуьненаюкъарчу дош лелачу бакъонашларъярхойн вовшахтохараллаш кхайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалша, иза дIахеца аьлла. "Мемориалана" хетарехь, Титиевна дуьхьал кхоьллина бехктакхаман гIуллакх харцонца вовшахтоьхна ду.

Изза хеташ ю Собчак а. Хьалхо цо кхайкхам бинера Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, хьем а ца беш, Титиев дIахеца аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG