ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оцу наха хIоттийначу "гIиллакхе" хьажий, нохчийн мах ма хадабелахь, Собчак"


Нохчийн бакъонашларъярхочун Титиев Аюбна тIехIотта еанчу Собчак Ксенияна новкъарло йира Путинан цIарахчу проспектехь дIасаяха масех жимачу стага. Цара го а бина, шайн дагахь иза сийсазъяккха гIерташ, маьхьарш диттира. Ша хьаьнца а къамел дан кийча ю, хьо боьрша стаг ма ву элира массарел чураваьллачу цхьанга.

Оцу проспектехь кофе юьхкучу жимачу стаге хаьттира Собчака, иштта хуьлий кхузара божарий аьлла. Ша а цецваьлла ву цара динчух аьлла, жоп делиира цо.

Жимма дехьо лаьттачу кIанте а, йоIе йистхилира иза. Цара а хаза къамел дира, вукхарах тера а доцуш. Амма хIетте, кхеташ дара дийцаре доккхург вукхара лейина бага хир юьйла.

И инцидент хиллачул тIаьхьа, дуьххьара социалан машанехь айдина дийца долийра и гIуллакх. ХIумма а нохчийн кегий наха динарг къобал а ца дора.

Адвоката Касумов Султана и кегий наха тергал ца еш, я цуьнца къамел дан хьекъале стаг хIотто везаш вара боху дуьхьал: "Собчак массарна ма хаара говза политик ю. Ларлуш хила дезара вай. И зуда дукха хууш а ю. Лела хууш а ю. ГIиллакх дIагайтичхьана чекхдолура иза. Цуьнца къамел дан маттана говза цхьа стаг хIоттичхьана дIасабевр бара".

Хьалха мичахь бара уьш, оцу хенахь хIунда ца дора цара сел майра хилча, из Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца гергарло лелочу хенахь,-элира Соьлж-гIалара вахархочо Наурханов Джамбулата: "Селхана-стомара Гуьмсе а кхайкхиина, ги а йоьллина лелочу хенахь хIунда ца элира цхьана а дас цунна хIума? ДIагIо кхузара хIунда ца элиира цара?"

Ала догIу Собчакан гIароллехь а бара нах. Иза а, цуьнца хилла журналисташ а яккхий, еза джипаш олучу машенашца бара. Оцо а гойтура, лаккхара пурбанца и зуда лелаш хилар.

Даьхнилелархочунна Джантамиров Абу-Салманна а ца тайна кегийчу нехан маьттаза лелар: "Собчак кхузахь хьийзарх галдала хIуммаъ а дац. Иза президент хир йолуш а яц. Цхьаммо элира цуьнга мел волчу нохчох жоп луш ву ша аьлла. Шех цо жоп делча а дика ду. Нохчех жоп дала оьшуш дац цо".

Журналистна Серганова ТIаусна а хета Собчакс Соьлж-гIалахь хиллачуьнах политикан пайда би, ткъа цуьнга багайиттинарш юьхIаьржа бу аьлла.

"Бехк-гуьнахь а доцуш дIалаьцначу Аюбна цо тIехIуттуш,къамел даро, иза милла а елахь а, муьлхачу Iалашонца цо иза динехь а, со цунна реза ю. Цуьнах хIинца хIун хили: иза туьйли, ткъа иза сийсазъяккха гIоьртина нах шаьш цунна даьккхинчу ор чу ийги".

Теркйистан кIоштерчу Тепсуркаев Iийсанна Собчак Ксенияга Соьлж-гIалахь багаеттаро дагадаийтина Воронежехь нохчашка урамехь бахархой коча бахар: "Воронежехь нохчийн цхьана шина йоIаца Iедалан белхахой тIе а баьхкина, лийча вайга иза ла ца делира. Собчак политикана юккъе а яьккхина, лелош ю.

И зуда ю, мухха а елахь. Вайн гIиллакхехь къамел динехьара дика хира дара. Майралла хилча - собар ца хуьлу вайгахь, сонта хилча - хьекъал ца хуьлу вайгахь, гIиллакх ца гайтича - оьздангалла а ца гойту вай. ГIеххьа реза воцуш ву со и сурт гина".

"Испанхойн эхь" олу термин ю дукха хан йоцуш дуьненахь лела яьккхина. Цхьамо динчу маьттаза, хаза доцучу хIуманех кхечунна эхь хетарх олу иштта.

Оцу хьолехь бу селхана дуьйнна дуккха а нохчий Собчак Ксенияга Соьлж-ГIалахь цхьаболчу кегийчу наха базарара зударша санна бага йиттинчул тIаьхьа.

Цундела, дуккха а дIахьедарш дина цара леррина цуьнан цIе а йоккхуш, оцу наха дийцинчунна тIе а товжий, нохчийн къоман мах ма хадабелахь аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG