ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIулди-булди халкъана, ка-бож Iедална.."


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Оьрсийчоьнан лаккхара даржхой а, хьоладай а юкъахь болуш список хIоттийначул тIаьхьа дукха цец ца баьхнера нах, цуьнах Iедалхоша аьллачуьнах санна.

Масала, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимира халахеташ ву ша аьлла цу юкъахь ца хиларна. Цунна тIаьххье, цу юкъахь болу нах сий а, ларам берш бу, цундела цаьрца цигахь хилар шайна сийлахь ду бохуш, тахана а дIакхайкхош ду цара.

Иштта цо бахарехь, оцу списки юккъебаханчарна тIаьхьа лаьтташ дуккха а нах бу, белхан тобанаш ю." Вай ша дерриш ду оцу спискан юккъедахийтина", - аьллапрезидента.

Оцу сахьта социалан машанехь гIовгIа иккхина оцу дIахьедарна дуьхьал. Лачкъочу хенахь шаьш шайна бара, ткъа жоьпалла хилча-вай ду юкъаийзош, бохуш маьIна дара дукхаъчара цуьнах дуьйцург.

Ночийчохь а, тIаьххьарчу хенахь Оьрсийчоьнан политикехь гуччу меттехь лаьтташ йолчу а, тергонехь латтош ду оцу спискаца долу хьал а, цуьнан хила мега тIаьхьало а. Нах тоххарехь кхетта гIодаюкъ къовла езаш хиларх.

Соьлж-гIаларчу вахархочун Шаипов Данилбекан шеко яц могIарера нехан белшаш тIе и бала бужург хиларна: "Путина боху оцу нахана хIоранна а тIаьхьа лаьтташ нах бу. Заводаш, фабрика ю, церан алапаш, рицкъанаш ду. Рицкъанаш-м Делан карахь дара. Оцу Iамерко шена а, шен доттагIашна а деш долу зен нехан коча дилла гIерташ ву-кх иза. Нохчийчохь дуккха а бу 9 эзар, 10 эзар, 11 эзар соьмах болх беш нах.

Цу тIера цхьа кийсакаш яха гIерташ хир бу-кх уьш. И шайна хуьлуш долу зен, миллиардаш тIера галддолуш дерг вайгара схьадоккхур ду шаьш боху-кх Путина".

Iедалша шаьш динчу гIалатийн тIаьхьалонаш могIарерачу бахархошка такхийтар дуьххьара хуьлуш дац, аьлла хета Соьлж-ГIаларчу вахархочунна Сугаипов Асланна.

Дуьненан шолгIачу тIамехь Ленинград-гIалана бинчу гонехь наха бала хьоьгура, ткъа лаккхара даржхой ша махьарла бахана дахка санна Iийна, элира цо: "Ленинградан го болчу хенахь Жданов а, цуьнан го а сакъоьруш Iаш хилла. Ткъа нах адамаш дууш, цицигаш а дууш чекхабевлла. И хало ловш хилар цхьатерра ца хиларо дукха хIума галдоккху. Цхьатерра ца хуьлу патриоташ: таро ерш а хуьлу. Цхьа декъазнаш а хуьлу".

Мел спискиш хIиттаяхь а, уьш дIаяхахь а нохчашна цуьнах дика болх хир бу аьлла ца хета вахархочунна Шаипов Данилбекана. Цунна шортта масалш ду керлачу исторехь бохуш, дийцира цо: "И санкциш суна дош ца хета. ХIунда ца хета? Цхьана хIуманна тIехь юха ма велли, дIабоьлхий цуьнах доттагI во. Нохчийчохь боьдуш тIом болуш а, Путинца гергарло а лелош Iаш бара уьш, вайн къоман тIехь хIуъа а лелийча а. Цуьнах дика болх хир боцийла-м хаа суна".

Дагадоуьйту 2 де хьалха Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министро гIараяьккхина Оьрсийчоьнан 210 лаккхара Iедалхой а, олигархаш а юккъахь болу список. 96 миллиардерашахь ву кхо гIалгIа, цхьа а нохчо ца ваьккхина цкъачунна тептаре.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG