ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москальковас Титиевн гIуллакх нохчийн полицигара схьаэцар дехна


Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас нохчийн полицигара схьаэцар дехнf Соьлж-ГIаларчу "Мtмориалан" центран декъан куьйгалхочун Титиев Аюбан гIуллакх. РБК агенталло бо и хаам.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовсан Романов Александран цIарахчу кехатна куьйгяздина Москальковас, Титиевн гIуллакх Къилбаседа Кавказан федералан округан чоьхьарчу гIуллакхийн урхалле листа дIахьажор доьхуш. "Интерваксан" информацица, омбудсмен тешна ю цигахь бакъонца Титиев Аюбан гIуллакх толлур хирг хиларх.

Байначу беттан 9-чу дийнахь дуьйнна лаьцна латтош ву Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб. Иза бехкево наркотикаш лелорна. Ткъа ша Титиевс дIахьедина, полисхоша наркотикаш шена кхийсина ю аьлла.

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимимран а, Талламан комитетан а, ФСБ-н а цIарах кехаташ дахьийтина бакъонашларъярхочо шен бехк цахиларх.

Цхьа могIа Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхоша а, журналисташа а, културан белхахоша а дехар динера кху деношкахь Титиевн гIуллакх Нохчийчохь ца луьстуьйтуш, Оьрсийчоьнан муьлххачу а регионе дехьадаккхар доьхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG