"Дош лелла мохк бу Нохчийчоь. Цуьнан деза хилар дуьххьарлера дош Делан хилар ду. ЖIов етташ ца кхоьллина дуьне, хьостамца ца къевлина, Делан цхьана дашо кхоьллина, къевлина. Дала шен дош адаме кхачийна, хIораммо тIе а лаьцна и лардар.
Иштта хилла вайн дайшна юкъахь дешан кхетам. Цуьнан йозалла оза, юста хIума ца хилла церан синкхетамехь. Цундела кхечу хIуманца дустуш дац нохчийн дош. “Дош – дош ду”, – олу. И ду цуьнан дустар а" - иштта яздо Яшуркаев Султана шен "Нохчийн жайна" цIе йолчу эссехь.
Дешан мах дика бевзаш хилла, цуьнан сий лардеш ваьхна волу Яшуркаев Султан кхалхар нохчийн къомана а, нохчийн литературина а боккха эшам лору иза вевзаш а, цуьнан кхоллараллех а, дахарх а масала оьцуш хиллачарна.
Дуккхаъчу шерашкахь Яшуркаев вевзаш а, цуьнца гергарло а лелийначу яздархочо Хачукаев Сайд-Мохьмада дийцира нохчийн халкъаца 20-чу бIешарахь хилла ший а трагеди шен кхолламехь лайна а, цу шинна а бохамах лаьцна массарел а дика яздан хууш а вара Яшуркаев, бохуш: "Хала ду Султанна тоьшаллаш дан а, иза вийца а. Кху эмиграцехь яздархошна а юккъехь воккхахверг вара Султан. Хаза собаре а волуш, хьекъале а волуш, шен сил дукха шен Даймокх а безаш стаг вара, нахана чIогIа оьшуш стаг а вара.
Шен сица а, шен дегIаца вайн къомана тIехIиттина баланаш лайна а вара иза. Къам дIадохочу хенахь ши шо кхаьчча хиллера иза, депортацехь Казахстанехь кхиина а вара".
Поэтана Эльдиев Микаилна хетарехь, наггахь бен нислуш вац ненан маттахь а, хийрачу маттахь а цхьатерра говза язда хууш волу яздархо. Царах цхьаъ вара Яшуркаев: "Яшуркаев Султан кхоллараллехь шен башха хатI долуш яздархо вара. Суна уггаре а хазахеташ долу дийцар "Картолг" олуш дерг дара, ткъа иштта "Гергашна тIехь кховраш" цIе йолу, цо махкал араваьллачул тIаьхьа язйина киншка а яра. Иза къоман а, халкъан а тIамарх схьаваьлла, цуьнан бала шен дагах литтина яздархо вара. Цу къоманна тIехIоьттинарг ла а ца луш, тIаьхьарчу 18 шарахь махках а ваьлла, кху аренца вехаш вара иза. Аренца вахар мел хала ду хаа иза Iевшинчарна".
Яшуркаев нохчийн вайнзаманахьлерчу яздархошна юккъехь уггаре а воккханиг а, цуьнга хьаьжжина дийна цхьа яздархойн чкъурана вуно авторитете дешан говзанча вара. Шен вахаран кепаца а, амалшца а, йозанан хотIаца а нохчийн къоман яздархо вара иза, шен мах а, шен дешан мах а хууш.
Хийраллехь – къам махках даьккхинчехь дуьненчу ваьлла волу Яшуркаев хийраллехь - къам харцо ца лан махках даьллачехь кхелхина. Иза дуьненчу валаро а, цуьнан кхалхаро а гойту цуьнан боллучу кхолламехула цуьнан къоман баланаш чекхбевлла хилар.
Хачукаевс дуьйцу: "Оьрсийчохь Iаш долчу массо а къамнашлахь юккъера вайн нохчийн къоманна тIе хIунда кхочу-те хIара бала бохучо чIогIа сагатдора Султанан. Оьрсийчоьно цIахь латточу къизаллина а чIогIа сагатдора цо. Ша юрист хиларна а, яздархо хиларна а вайн къоман йохийна йолу дахаран бакъо а, вайн цкъа а ца хилла йолу пачхьалкхан бакъо а цIийх буьзна шед хилла цуьнан дагчохь лаьттара. КIоргера шен Даймехкан васт а девзаш, цуьнан истори а евзаш, цунах лаьцна ала дош а долуш къонах вара Султан".